Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ваьхначу юьртарчу (Курчалойн кIошт) бахархойн боккха гулам хилира. Цигахь вовшахкхеттачара сацам бира юьртан цIе хийца, цунна Ахьмад-Юрт аьлла керла цIе а туьллуш. Иштта сацам тIеэцначу юьртахойн барт хилира Нохчийн Республикин Iедалан законашдахаран а, кхочушдаран а органашка шайн дIадолор къобалдар а, цуьнан гIолацар а деха.

Шайн юьртана Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун, 2004-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Динамо» стадионехь (хIинца – С.Билимхановн цIарах стадион) Толаман парад дIахьочу хенахь хиллачу бохамехь турпалаллица кхелхинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тилла лаьа оцу юьртахь бехаш болчу бахархошна, цуьнан сий деш, цуьнан ларам беш.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа терроризман луьра мостагI вара, цо дерриге а дира Нохчийчохь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа. Цуьнан цIарца боьзна бу вайн республикехь хилла берриге а дика хийцамаш.
Ахьмад-Хьаьжин хьикмате, хьекъале, генна хьалха хиндерг ган говза хиларан политика бахьана долуш Нохчийчоь машаран, цIинъяларан, кхиаран некъа тIе хIоьттира.
Шен дас долийна гIуллакх тахана бIаьрлачу кхиамашца кхочушдеш ву цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
КадыровгIеран юьртахой тешна бу республикин Iедало шайн лаам кхочушбийриг хиларх а, шайн юьртана Ахьмад-Юрт цIе туьллург хиларх а.
С.АЛЬВИЕВ
№39, хIутосург (май) беттан 24 де, 2019 шо