Россин Правительствос хIокху шеран хIутосург (май) беттан 13-чу дийнахь арахецна токхамаш хуьлучу меттигашкахь бехаш болу бахархой кхечанхьа дIакхалхоран гIуллакхна Нохчийн Республикин бюджетана субсидеш даларан хьокъехь болу сацам. Оцу документаца нийса а догIуш, Россин Правительствон тIаьхьалонан фондера Нохчийн Республикин бюджете 1 140 000 эзар сом хьажор ду.

Оцу харжийн чоьтах Iерна-дахарна бегIийла йолчу меттигашка дIакхалхор ву 1 747 стаг. Таханлерчу дийнахь токхамаш хиларна кхераме йолчу меттигашкахь Iаш бу и нах.
«Цкъа хьалха дIакхалхор бу уггаре а кхерамечу меттигашкахь Iаш берш а, дIакхалхоре доккха хьашт дерш а. Къаьсттина кхераме хьал ду Теркан а, Веданан а, Нажи-Юьртан а, Шуьйтан а кIошташкахь. ХIинца дIахьош ду токхамаш хуьлучу меттигащкахь бехаш болчу бахархошна хIусамаш яларан къепе чIагIъяр», – элира Нохчийчоьнан гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствон коьртачу проектийн а, программийн а департаментан директора Газалапов Ахьмада.
Токхамаш хиларна кхерамечу меттигашкара бахархой кхечанхьа дIакхалхоран гIуллакхаш кхочушдар юкъадогIу хIокху министерствос кхочушъеш йолчу «Нохчийн Республикехь бехаш болчу бахархошна мехалчу а, бегIийлачу а хIусамашца а, хIусамийнкоммунальни хьашташца а кхачояр» пачхьалкхан программина.
«Нохчийн Республикехь токхамаш хуьлучу меттигашкара бахархой дIакхалхор» программа кхочушъярна 2018-чу шарахь Россин гIишлошъяран министерствос 99 миллион сом ахча делла. Оцу программица 2018-чу шарахь токхамаш хуьлучу меттигашкара дIакхалхийна 178 стаг. И программа планан муьрехь кхочушъяро 2019-чу шарахь таро лур ю бегIийла хьелаш долчу меттигашка 136 стаг дIакхалхо. Токхамаш кест-кеста хуьлучу меттигашкахь Iаш бу уьш карарчу хенахь», – бохура А.Газалаповс.
Билгалдаккха деза токхамаш хуьлучу меттигашкахь Iаш хIинца а 3 600 сов доьзал хилар. Юккъерчу хьесапехь 25 эзар стаг хуьлу иза. Царах 4 эзар стаг токхамаш хиларна къаьсттина кхераме йолчу меттигашкахь Iаш ву. И кхерам алсам болу лаьмнийн кIошташкахь йочанаш яхъелча.
Д.ПАШАЕВ
№39, хIутосург (май) беттан 24 де, 2019 шо