«Со йиц ма елахь, Нохчийчоь»

сапрот

цIе йолу очеркийн гулар араяьлла Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналистан Газиева Азин.

Нохчийн къоман истори кхуллуш дакъалаьцначу вайн зударийн цIерш жим-жима евзара вайн ешархошна. Царах лаьцна наг-наггахь хаамаш хуьлура республикин муьран хаамийн тайп-тайпанчу хьостанашкахь – газетийн, журналийн агIонашкахь а, телевиденехь а. Амма Дадин Айбикина, Iамаран Зазина тIера Кадырова Айманина тIекхаччалц шайх дош ала хьакъболчу нохчийн зударех лаьцна цхьаьна хьостанера хаа таро ца хиллера тахханалц.

И аьтто хилла Газиева Азин кхолараллин болх бахьана долуш.

Авторо боккхачу безамца язйина нохчийн Iилма, культура, литература, журналистика кхиорехь доккха дакъалаьцначу Саракаева Маремах, Исаева Маремах, Чентиева Маремах, Айдамирова Маремах, Ахматова Раисех, Гайтукаева Банех, Бердукаева Лизех, иштта кхечарах а.

Царах лаьцна дуьйцучу очеркашкахь гуш ду нохчийн зуда Iилманча, яздархо, артист,  муьлхха а юкъараллин белхан дакъалацархо хиларо цунна алссам декхарш тIеэгош хилар. Иза шен похIмина яьцна а, цуьнца яьхна а йолуш яц. Уггаре а  хьалха иза цхьана ден-ненан йоI, йиша-вешин йиша, цхьана доьзалан нана ю. Цо лардан дезаш дуккха а ду. Оцу «дуккха» а долчаьрца «тIамехь» латта ницкъ ца тоьий шайна беза болх а, шаьш охIла болу гIуллакх а дан аьтто боцуш бисина а кIезиг хир бац вайн зударшна юккъехь. Цу тIехь шайх лаьцна дуьйцурш баккъал а хьуьнаре нохчийн зударий хиларна а, царах муьлхха а Нохчийчоьнан иэсехь яха хьакъ долуш хиларна а мехала ю Газиеван гулар.

Хьалха цхьаццанхьара дешна я халкъалахь дуьйцуш, хезна дара йижарех КурумовагIарах лаьцна. Доьналла, яхь йолу нохчийн зударий уллора бовзарна даккхийдан а, кхин цкъа а, вайн олуш ма-хиллара, нохчийн орамера, буха тIера долчу адамашкахь адамалла а, нохчалла а юьсуш хиларх тешам чIагIбала таро ю ешархойн.

Цкъа а «ца доха» чIагIделлачу советан Iедало вайн къомана бинчу иэшамаша а, цул тIаьхьа вайн махкахь тIемаш хилар бахьанехь нохчийн юкъараллехь хиллачу хийцамаша а,  хаамийн технологеша а вайн заманна тIеIаткъам бинехь а, вайн къоман цIийх доьлларг хийца таро ца хилла цхьана а хIуманан. Иза къегина ган йиш ю Курумова Селимин кхолларалла евзачарна. Авторо цунна  тидам тIе бахийтар а кхиам хета.

Цхьа а хIума хийца а, нисдан а йиш цахиларна лазаме ду Чентиева Маремах долу бакъдерг ма-дарра довза, амма Дадин Айбикин а, Iамаран Зазин а доьналлин дакъа долуш яхчаелла нохчийн зуда иза хиларан цхьа а шеко яц. ХIара дуьне бIешерашкахь гинарш (дуурш аьлча-м дукха а хир дара) кIезиг хиларна, кху юхалург эцначу дуьненара 85 шо кхаьчча а, ишттачу харцонан къизаллица дIавахар ца лалуш хала делахь а, Делан кхиэлах тешаро, Дала декъалбинчеран могIарехь иза а, цуьнан йоI а хирг хиларе  сатуьйсу. Ахматова Раисас шен доттагIчуьнга Батукаева Асете яздинчу кехатийн чулацамо вайна ца евзинчу агIор гойту нохчийн зударийн экаме ойланаш поэтически могIаршка яха похIма тоьъна йолу и башха яздархо. Дешнийн чулацамца, церан низаме дIахIотторехь мукъаме довлар довза Дала шена делла совгIат хиларна поэт хиллехь а, нохчийн зудчун дог-ойла а, шен къоман синмехаллаш а цунна коьрта хилар а девза.

Насуханова Ляля, Тутаева Асет, Мазаева Есимат… Доьналла, хьуьнар, яхь, майралла тоьъна вайнехан мехкарий, зударий. Говзачу маттаца, церан дахарера дагахь дуьсур долубакъдерш далош, яздина автора царах лаьцна а.

Дукха хан яцара Гайтукаева Бана вайна юккъехь яьхна а. ТIехьаьжча, оцу гIорасизчу йоIан оццул шен Даймохк, цуьнан адамаш, цуьнан хилларг, лелларг, дерг довза, деза синондалла тоьар яра аьлла хетар а дацара. Амма уллора иза евзича, цуьнан поэзин марзонах чам баьккхича, баккъал а нохчийн яхь, хьуьнар, доьналла долчу мехкарех иза хилар гуш ду. Цунна леринчу очеркехь а, Бана йовзийта башха дешнаш карийна авторна.

Схьахетарехь, Газиева Азин книго доккха гIо дийр ду хьехархошна а, студенташна а, дешархошна а, нохчийн къоман сий дан хьакъболчу зударийн дахар довза.

Шена авторна а доккха совгIат ду аьлла хета, Зударийн дуьненаюкъара де тIекхочуш «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» цуьнан дуьххьарлера книга араялар а, ишттачу исбаьхьчу хазнех – нохчийн зударех лаьцна иза хилар а.

Дала тIаьхье беркате йойла.

Т.САРАЛИЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: