Ялх юьртахь хин биргIанаш хуьйцур ю

«Экологи» къоман проектан гурашкахь Теркан кIоштан 6 юьртахь кестта дIаболор бу хин биргIанаш хийцарехула белхаш. Уьш дIахьур бу ЧIуьлга-Юьртахь, ГIулозчохь, ГIулозахь, Горагорскехь, Нагорнехь, Керла-Юьртахь. Хин биргIанийн йохалла 37,6 км хир ю. И бахьанехь 20 000 стагана кхачам боллуш хица кхачоян аьтто бер бу.

Карарчу хенахь белхаш тIелоцур болу организаци хоржуш конкурс ю дIахьош, цуьнан жамIаш тахана – хIутосург (май) беттан 24-чу дийнахь – дийр ду.

ГIишлошъяран белхаш дIахьочу хенахь лакхарчу таIаман хидогIийла (хи чуьра я хиIалашдойлера хи схьадалон йоккха биргIа) тойийр ю, Горагорскехь а, ГIулозахь а кубан 1 000 метр а, кубан 2 000 метр а барам болу яйнаш (резервуараш) хIиттор ду.

Билгалдаьхна гIуллакхаш «Экологи» къоман проектан гурашкахь кхочушъечу «ЦIена хи» федеральни проектана юкъадогIуш ду. Иза кхочушъярехь дакъалоцуш ю Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерство.

«ЦIена хи» проектан гурашкахь билгалдаьккхина ду хица кхачояран объекташ яр а, царна реконструкци яр а, молу хи цIандаран системашца уьш кечъяр а.

2024-гIа шо чекхдалале дикачу молучу хица 81 процент бахархошна кхачойийр ю.

Мехкан Президентан Указаца билгалъяьккхинчу 12 проектах шиъ кхочушъярехь дакъалоцуш ю Нохчийчоьнан гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерство. Оцу проектийн коьрта Iалашо – бахархойн дахаран дикалла лакхаяккхар.

ДIадаханчу шеран чаккхенехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин Президент волчохь стратегин кхиорехула а, къоман проекташкахула а йолчу Советан президиуман кхеташонехь дакъалецира.

Бахархойн дахаран дикалла лакхаяккхаран декъехь къоман проекташ кхочушъярехь республикин Куьйгалхо Р.Кадыров жигара лелар бахьанехь субъектан берриге а бахархойн дахар дикачу агIор тодан таро хир ю.

А.СУЛИМАНОВА
№39, хIутосург (май) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: