ХьастагIа Нохчийн Республикин Iилманийн академин конференц-зала чохь дIадаьхьира «Нохчийн фольклоран» VIII-гIа том йовзийтар. Де-буьйса ца лоьруш, Iилманча Мунаев ИсмаьIила доггах а, говза а, гIуллакхна охIла хиларца а бинчу белхан юьхькIоме жамI ду «Нохчийн Фольклоран» VIII-гIа том араялар.

Цуьнан лаккхара мах хадийра иза йовзийтарехь дакъалоцуш хиллачу Iилманчаша, кхоллараллин а, юкъараллин а организацийн векалша, литераторша, меттан говзанчаша.
«Дика ламаст хилла дIахIоьттина тIаьхьарчу хенахь шина шарахь цкъа нохчийн фольклоран рогIера гулар йовзийта вай вовшахкхетар. Нохчийн культурин хьокъехь къамел дечу хенахь вай уггаре а хьалха фольклорана тIетевжа. ХIунда аьлча фольклор халкъан хьикматан цкъа а лекъар доцу хьоста ду. Цу тIехь кхиадо вай къона чкъор. Цу тIера девза вайна дIадаханарг, дахаран маьIна. Нохчийн фольклор – иза вайн халкъан гIиллакхийн, Iадатийн, эхь-бехкенан, доьналлин, стогаллин, къонахаллин масалш ду, кIорггера хьехам а бу», – элира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис.
«Нохчийн фольклоран» VIII-гIа том йовзийтар дерзош, цигахь дакъалоцуш хиллачарна совгIатана цхьацца том елира.
Керла араяьлла «Нохчийн фольклоран» VIIIгIа том шен каракхаьчча, цунах боккха кхаъ хилла волчу нохчийн поэта, журналистикин къаночо Кагерманов Доккас, цуьнан мах хадош, иштта элира: «Нохчийн фольклор» оцу хазачу ц1арца зорбанехь араяьлла иза.
Ша араяларан туш метта-мотт Нохчийн Республикин Iилманийн академи а йолуш, хIотторхо Мунаев ИсмаьIил а волуш.
Iаламат мехала а, керла а агIонаш оцу 8-чу гуларехь схьаелларна даггара баркалла ала догIу халкъан кхоллараллин совгIат вайна дина волчу Мунаев ИсмаьIилна а, иштта, цунна оцу балха тIехь хьанал а, дог цIена а гIо а, кхачо а йиначарна массарна а.
Къаьсттина баркалла а, Дела реза хуьлда а ала лаьа профессорна, академикна Чокаев Катина, ша воккхаллехьа таьIнера аьлла ца Iаш, тахана а Iилманан а, кхоллараллин а болх беш волчу.
Могаш а волуш, яккха Дала хан яхйойла Катин. Дала гечдойла Эхарта дIабирзинчарна: Мациев Ахьмадна, Эльмурзаев Сираждина, Тимаев Вахина, Вагапов Якъубна, Хатуев Iабдул-Хьамидна.
Айса цIе мел яьккхинарг – массо а сайна дика бевзаш а, безаш а хилла болу дела до ас царна и доIа… Зама дIайоьду, Органан хих терра сиха а, саццаза а.
Заманан сиха яхаро а, шен сихаллехь цо вай дIадаханчунна – эзар шерашкахь хилла долчарна – генадахаро чIогIа сагатдора вайн цхьана муьрехь.
(К.Д.)
Ца хууш, ца лууш дикачух Iама,
Сихъелла дIайоьду, дIайоьду зама…
(К.Д.)
Тахана зорбанехь араяьлла хIара 8-гIа гулар, «Нохчийн фольклор» караэцча, вай тешна хир ду халкъан кхолларалла лар йоцуш яйна аьлла дог дилла кийча хилар халахетарца лан дезначу вайна керла кхаъ беана хиларх. Чокаев Кати а, Мунаев ИсмаьIил а, Тимуркаев Ахьмад а санна, вай цIе яккхаза буьсуш болу кхиберш а санначу, дIадаханчун бала а, гIайгIа а йолчу Iилманчаша а, фольклористаша а къоман иэс лардина а, лардийриг а хиларх тешна ду вай, Делан диканах дог дилла йиш яц вайн.
Чокаев Катин а, цунна тIетевжина волчу Мунаев ИсмаьIилан а амалехь дац «со, ас» бахар, къаьсттина атта гIуллакх дезаш хилар. Царна дезарг къоман сий, иэс дуьне дозуш мел ду дахадар а, тIаьхьарчу тIаьхьенашка шайх масал эцийта весеташ дитар а ду.
Цхьа а назма, илли, узам, дийцар, туьйра, кица, масал, хIетал-метал, мехкарийн йиш заманийн IиндагIех хуьлучу бодашкахь ца дайтахь, шеко яц, вайнехан къам синкхачанан а, кхачо йолуш хирг хиларан».
Баккъал а доккха совгIат ду Мунаев ИсмаьIила нохчийн халкъана динарг. Керлачу томехь цо вайна дуьххьара довзуьйту, кхул хьалха цхьана а меттехь хезна доцу иллеш, узамаш, назманаш забарш, балладаш, эшарш, туьйранаш.
Оцу говзарийн къаьсттина мехала агIо ю уьш нохчийн ширачу маттахь, диалекташкахь хилар. Гуларехь вайн йовза аьтто бу мIайстан, итумкхаьллан, чIебарлан, и.дI.кх. диалекташкахь язйина говзарш.
Лакхарчу дешаран заведенийн хьехархошна, студенташна, меттан говзанчашна, школийн хьехархошна пайдаэца дукха материал ю хIокху гуларехь. Цундела воккхаверца билгалдаккха лаьа хIара том хIотторехь, кхунна говзарш харжарехь, лахарехь Мунаев ИсмаьIилан боккха аьтто баьлла хилар.
Даггара лаьа цо бечу белхан тIаьхье Дала беркате йойла а, нохчийн халкъан фольклор гулъярехь иза керлачу кхиамашка кхочийла а. Вайна хууш ду иза, динчух тоам ца беш, шашен ца кхоош оцу декъехь къахьоьгуш хилар.
Хь.САИДОВ
№39, хIутосург (май) беттан 24 де, 2019 шо