Цхьана гIалато эшийра вайн команда

Мехкан Премьер-Лигин чемпионатан рогIерчу 29- чу турехь Соьлжа-ГIаларчу «Ахматан» футболисташ Москварчу ЦСКА-н футболисташца левзира. Дика ловзура вайн футболисташ, къаьсттина хьалхарчу таймехь.

ХIусамдайн кевнехьа кхузза-доьазза кхераме тохар а дира цара. Амма цхьа а тохар кхиаме ца хилира. ЦСКА-н а аьтто ца белира хьешийн дог дохо. Цу тайппана, табло тIера терахьаш кхин хийца ца луш, чекхъелира хьалхара тайм.

ШолгIа тайм а яцара хьалхарчул башха къаьсташ. Делахь а, могIарерчу цхьана тIелатарехь ЦСКА-н футболист Ф.Чалов «Ахматан» гIуданан майданахь охьакхийтира, вайн защитника З.Плиевс когах ког тохарх цхьа доккха бахьана а деш.

Охьакхетарехь говза сурт хIотторна суьдхочо ЦСКА-на цхьайтта метрера гIуданан тохар дан бакъо елира. Чаловс тоьхна буьрка схьалаца я майдана юхатоха аьтто ца белира вайн кевнахочун Е.Городовн. Иза цхьаьнакхетаран 64-чу минотехь хилира.

Ловза йисинчу 25 минотехь жамI хийца ницкъ ца кхечира «Ахматан». Цхьа гIалат бахьанехь ийщира вайн футболисташ. Чемпионатан тIаьххьарчу турехь «Ахмат» Соьлжа-ГIалахь ловзур ю Дона-тIерачу Ростоверчу «Ростов» командица.

Таханлерчу дийнахь, шен чоьтехь 39 очко а йолуш, турниран таблицехь 8-чу могIарехь ю вайн команда.

ТIаьххьара матч кхин дIора маьIна долуш а яц цунна. Ткъа «Ростов» Еврокубкан къийсадаларшкахь ловза бакъо яккха лууш ю. Цунна толам чIогIа оьшу…

Хь.САЙДАЕВ
№39, хIутосург (май) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: