Россин Федерацин Къоман гвардин эскарийн СКО-н 46- чу ОБРОН-н шакъаьстинчу леррина йолчу моторизованни «Юг» батальонан бIаьхочунна Муситов Iадланна а, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин цIарахчу 141-чу леррина йолчу моторизованни полкан бIаьхочунна Вестигов Шемална а «крапови» куйнаш делла хIокху деношкахь. Цунах лаьцна «ВКонтакте» социалан сетерчу шен агIонехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Леррина долчу дакъойн бIаьхой кечбар коьртачу декхарех цхьаъ ду вайн. Цо шен жамIаш а ло. Спецназовцаша доьналлица кхочушдо шайна тIедехкина декхарш, тIеман хаарш карадерзорехь лаккхара кхиамаш а боху. Иштта, вайна хIинцца хиъна Россин къоман гвардин Нохчийн Республикехь долчу дакъошкарчу шина бIаьхочунна «крапови» куйнаш делла хилар», – яздина Р.Кадыровс.
«Зерах кхиамца чекх а ваьлла, «крапови» куйнаш даьхна цара. Iадлана а, Шемала а доьналлица кхочушйина шайна хьалхахIиттийна нормативаш, массо а зерех кхиамца чекх а бевлла уьш. Хууш ма-хиллара, «крапови» куй баккха вуно хала ду. Ларамаза яц иза тоьллачу бIаьхойн лаккхара говзалла а, спецназан дакъойн бIаьхойн майралла а, доьналла а, сий а гойтуш йолу билгало», – билгалдаьккхина цо.
Республикин Куьйгалхочо хаийтина Россин къоман гвардин Нохчийн Республикехь долчу дакъойн командираша шайн болх лаккхарчу тIегIане боккхург хиларх ша тешна хилар.
«Оцу къеггинчу толамца ас декъалво Муситов Iадлан а, Вестигов Шемал а, иштта, церан командираш Межидов Хьусейн а, Тушаев Мохьмад а. Хьусейн а, Мохьмад а, шаьшшиъ къона хиларе хьаьжна доцуш, лерринчу операцешкахь бахчабелла а, командирийн говзалла йолу а эпсарш бу. Со тешна ву лерринчу дакъойн бIаьхой кечбарехь цара шайгара керланиг юкъадалориг хиларх», – яздина Р.Кадыровс.
Иштта, Кадыров Рамзана баркаллин дешнаш яздина Къоман гвардин эскарийн службин директорна – Къоман гвардин эскарийн коьртачу командующина, цо шен куьйга кIелахь болчеран тидам барна а, бIаьхаллин кечамбарна цо дерриге а хьелаш кхолларна а.
I.МУРТАЗОВ
№40, хIутосург (май) беттан 28 де, 2019 шо