Карарчу 2019-чу шарахь республикехь 34 юкъараллин майда а, 57 уьйтIе а куьце ялор ю. ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос хаам ма-барра, оцу проекта юкъаяхана Соьлжа-ГIала, Устрада-ГIала, иштта, Гуьмсан, Нажи-Юьртан, Шелан, Курчалойн, Теркан, Соьлжан, Шаройн, Невран кIошташ.

«УьйтIеш куьце ялоран хьокъехь болу барт кIошташца хIинцале а бина. Карарчу шарахь куьце ялон лерина 57 уьйтIе, шайна юкъахь лаьмнашкарчу кIошташкахь ерш а йолуш. Куьце ялоран балхана юкъадогIу майданаш хазъяр, охьаховша гIенташ а, нехаш чукхийса тускарш а дIахIиттор, берашна ловза а, машенаш дIахIитто а меттигаш кечъяр, иштта, серлонан чиркхаш тасар», – элира республикин ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас.

Юкъараллин майданаш а, уьйтIеш а куьце ялоран белхаш дIахьош бу пачхьалкхан «Нохчийн Республикехь кхузаманахьлерчу гIаланийн хьал кхоллар» программин гурашкахь.
И программа, Ибрагимова Алисас билгал ма-даккхара, республикехь кхочушъен кхоалгIа шо ду.
Иштта, карарчу шарахь, республикехь гIаланийн хьал куьце далоран белхаш «ХIусам а, гIаланийн хьал а» аьллачу къоман (федеральни) проектан гурашкахь дIахьур бу.

«Тойийр ю бошмаш, гIашлой лела меттигаш, хин йисташ, и дI.кх. а – вуьшта аьлча, бахархоша садоIу а, пайдаоьцу а меттигаш. Карарчу шарахь куьце ялон леринчу юкъараллин майданийн а, уьйтIенийн а юкъара барам 149 639,00 кв.м. бу», – хаийтира республикин ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела.
Лакхахь хьахийна белхаш чекхбаха безаш бу аьхке чекхъялале.
2018-чу шарахьлерчу «Нохчийн Республикехь кхузаманахьлерчу гIаланийн хьал куьце хилийтаран» программин гурашкахь, республикехь тойийр ю 96 уьйтIе а, 33 юкъараллин майда а.
И.ИСЛАМОВ
№40, хIутосург (май) беттан 28 де, 2019 шо