ХIокху деношкахь Несарехь (ГIалгIайчоь) дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула СКФО-н IX-гIа аьхкенан спартакиада. Цигахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу регионашкара спортсменаш.
Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.
Оцу къийсадаларшкахь вайн республикера дакъалоцуш бара РСШ-кара спортсменаш.
Вайн махкахочо Хучиев Ахьмада (45 кг.) дашо мидал яьккхира цигахь.
Оцу кхиаме спортсмен кхачийна цуьнан тренера Х.Эскерхановс.
Карарчу хенахь Ерригроссин турнире ваха кечам беш ву иза.
З.ШИШХАНОВА
№40, хIутосург (май) беттан 28 де, 2019 шо