Наха сатийсина кабинет болх беш ю

Республикин берийн стоматологин поликлиникехь могашалла ледара йолчу а, неврологин цамгарш йолчу а берийн хьашташ кхочушдаран кабинет схьайиллина. Дукха наха сатийсина а, царна оьшуш а ю поликлиникин №26 йолу кабинет.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалло Инстаграм сетехь йолчу шен агIо тIехь хаам ма-барра, Берийн стоматологин республикин поликлиника вайн регионехь цхьаъ бен йоцу берийн пачхьалкхан медицинин учреждени ю, чолхе цамгарш йолчу берийн цергаш тояйта кхоьллина, оьшуш мел долу хьелаш долуш.

Цигахь дарба дойту ДЦП, Буллезни эпидермолиз, неврологин цамгарш йолчу берашна.

Ян езахь операци а йо, цергашна молха-дарба лелош то а йо. Ткъа цамгар тIех чолхе йолчу кегийчу дархойн гIуллакх наркоз луш бен кхочуш а ца дало (неврологин цамгарш йолу бераш шайн догIмийн дола далуш ца хуьлу (бер, сецо дезаш, хала хуьлу, аьлларг ца деш я дуьхьало еш хуьлу).

Поликлиникин коьртачу лоьро Ахметханов Сайд-Мохьмада билгалдаьккхира: «Неврологин цамгарш йолчу берийн цергаш маьхза тояйта аьтто а бина, дика хьелаш а кхоьллина. И мелехь гIуллакх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондо шена тIелаьцна, шен чоьтах дойтуш ду тхан поликлиникехь».

Доккха гIуллакх, доккха сагIа ду оцу гIийлачу берийн хьашташ кхочушдар.

Берийн дай-наношна боккха кхаъ а, доккха гIо а ду иза. АллахIа сагIайойла оцу фондо еш йолу харжаш!

Ахметханов Сайд-Мохьмад Республикин берийн стоматологин поликлиникин коьрта лор хIоттийча дуьйна реконструкцин-ремонтийн белхаш бина поликлиникин ерриге а кабинеташ чохь.

Кхузаманан лехамашна жоп луш ю поликлиникин массо а кабинет.

З.ХИЗИРОВА
№40, хIутосург (май) беттан 28 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: