Къоначу художникан «синан мукъам»

IMG-20150313-WA0001

Суьрташдахкархочуннна шен уггаре а боккха кхиам хета суьрташ къоман музейхь гайтаме дахкар.

ХIокху деношкахь Дадакаева Элитин суьртийн гайтам схьабиллина. Иза лерина бу Зударийн дуьненаюкъарчу денна. Гайтаман цIе «Рапсодия души»  ю,  нохчийн матте даьккхина аьлча «синан мукъам» бохург ду цуьнан маьIна. Гайтам схьабоьллуш дакъалецира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, Россин Художникийн союзан декъашхоша Эльмурзаев Сайд-Эмис, Заураев Вахита, Закриев Мохьмада, Шамилов Iайндис, Ясмирзаева Лайла а, вайн республике баьхкинчу хьешаша Рыбински гIаларчу Россин Художникийн кхоллараллин союзан декъашхочо Лимарев Евгенийс, оццу Союзан декъашхоша Краснодарера еанчу Роенко Татьянас, Краснодарера веанчу Бачиев Хьамзата.

ГIарабевлла бевза художникаш боцурш, искусство дукха еза нах а бара оцу гайтаме бIаьрг тоха баьхкина. Гайтам схьабоьллуш масех художникна дош делира. Къаьсттина Эльмурзаев Сайд-Эми Элитин кхоллараллахь аьлларг дагах кхийтира массарна а. «Элита ша экаме зуда елахь а, цо, ша говзачу альпиниста санна некъаш до мел генарчу лаьмнашкахула йолалуш. Хазалла мел гича а сов яц художникна. Элита даима а лехамехь ю. Тахана цо вайн тидаме дехкина суьрташ х1ора а шен кхоллам болуш ду. Вайн махка мел лараме хьеший бахкарх юьхькIам бу хIокху музейхь иштта гайтам хилар», – элира цо. Элитин суьрташ дуьненчохь муьлххачу музейхь д1ахIитто хьакъдолуш исбаьхьа а, чулацаме а ду. Дерриге а 73 сурт ду «Синан мукъам» гайтаме даьккхинарг. Искусствон мах бевзачу нехан шайн долахь йолчу коллекцешкахь ду цуьнан суьрташ. ХIора сурт  вайн къоман я тахане я кхане юьйцуш ду Элитин. Нохчийн къоман истори, адамийн Iер-дахар гойту цара. Шатайпа ойла кхуллу цуьнан «Пхьар Хьамзат», «Бабин уьйтIе» суьрташа. Нохчийчоь евзина ца Iаш, Кавказ а евзар ю цуьнан суьрташка хьаьжча. Вайна гуонахарчу мехкийн ду 1аламан суьрташ царна юкаъхь.

Дадакаева Элитин суьрташкахь Даймахке болчу безаман чам хаало. Веданан районера схьаяьллачу художникан, говзаршна юкъахь Гуьнан сурт ца хуьлийла а дацара.

Цхьана баттахь лаьттар бу и гайтам.

Лаьа вайн махкахоша а, республикин хьешаша а цунах пайда оьцийла. Кхоллараллин нахана мехала ду шаьш бинчу белхан вай мах хадор.

З.ХИЗИРОВА

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: