Гичаева Раиса студенташца цхьаьнакхийтира

Театран шо спектаклаш хIитторций, театран труппаш гастролашка яхарций чекхдала йиш а яцара аьлла хийтира Россин Федерацин хьакъйолу артистка Гичаева Раиса Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь Нохчийн пачхьалкхан университетан культурологин а, актерийн искусствон а отделенин студенташца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Театран а, кинон а актриса, нохчийн халкъан дозалла Гичаева Раиса (Майма) ган лууш а, цуьнца хабаре бовла сатийсам болуш а бара студенташ.

Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран директор, Нохчийн Республикин халкъан артистка Ахмадова Хьава, иштта, Нохчийн Республикин халкъан артист Вахидов Бай-Iела а, Нохчийн Республикин хьакъволу артист Ахмадов Сулейман.

Цигахь чулацаме, мехала къамел динчу Культурин министра Х-Б.Дааевс билгалдаьккхира культура а, оьздангаллин мехаллаш а кхиорехь театро доккха маьIна лелош хилар.

Раисас сценин искусствехь къахьоьгу 57 шо кхачарца декъалйира министра.

Театран зала чу гулбеллачийн а, студентийн а дехарца Гичаева Раисас «Къематан де хIоьттича» спектаклана юкъара монолог йийшира.

Гичаева Раисас 1962-чу шарахь чекхъяьккхина Ленинградан театран а, музыкин а, кинематографин а пачхьалкхан институтан «Театран а, кинон а актриса» отделени.

Цигахь дешна яьллачу шарахь дуьйна Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь къахьоьгуш ю иза.

Ша къахьоьгучу 57 шарахь бIе сов роль ловзийна цо. Цуьнан похIма шатайпа къегина, яккхий таронаш йолуш ду. Гичаева Раиса – театран легенда, богIам бу.

Бевзаш болчу актераша студентийн а, хьовсархойн а хаттаршна жоьпаш делира, цул сов, шаьш дакъалаьцначу спектаклашкахь ловзийначу ролех, сценин искусствон къайленех лаьцна дийцира.

Вахидов Бай-Iелас ша нохчийн матте яьккхина йолу В.Шекспиран пьеси юкъара Гамлетан монолог йийшира.

Ахмадова Хьавас шен байт а, нохчийн халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан байташ а йийшира.

«Бож-Iела» комеди юкъара Авалун монолог йийшира Ахмадов Сулеймана.

Нохчийн гIарабевллачу артисташна шайн говзалла гучуйоккхуш спектаклан инсценировкаш гайтира Нохчийн пачхьалкхан университетан актерийн отделенин а, Соьлжа-ГIалин культурин а, искусствон а колледжан а студенташа.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№40, хIутосург (май) беттан 28 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: