Нохчаша, хуучара, хьех къастадо – боьрша хьех, стен хьех – олуш. Вайн хьаннашахь, дукха дацахь а, долуш ю хьех. Хьехан дечиг мелла а кIеда хуьлу, ковст а хуьлу шера.

Дарбанашлелорехь шуьйра пайдаоьцуш дерг цуьнан заза а, ткъа иштта, гIаш а ду.
Хьехо зазадоккху асаран (июнь) бутт юккъе баханчул тIаьхьа, мангалан (июль) баттахь а. Заза 10–15 дийнахь бен ца лаьтта.
Хьехан зазанех пайдаоьцу ангина цамгар хилча. Царах даьккхина мутт бага а, легашка а кхаьрзича дарба хуьлу. Иштта, дагар охьа а доккху зазанах даьккхинчу муттано. Цунах пайдаоьцу бронхит, шелонан кхин цамгарш йолчарна дарба деш, сапаргIат доккхуш, энаш дIадохуш.
Хьехан зазанех молха иштта кечдо: IиндагIехь дакъийна долчу 10 грамм (боккха 3 Iайг) зазашна тIе кхехкийна 1 стака хи дутту. Юха, хинан бани чохь дохдо.
ХIусамехь йолчу температурехь 45 минотехь шелдолуьйту. Цул тIаьхьа луьтту. Довха доллушехь дийнахь 2–3-зза 1 я 2 стака дIамолу хIума йиинчул тIаьхьа. Шелвеллачунна, дагар долчунна, пехашна цамгар йолчарна цунах дарба хуьлу.
Халкъан дарбанчаша хьехан гIанех пайдаоьцуш хилла чов ерзош.
Цул сов, шелонан цамгарх ларлуш, зазанех даьккхина чай малар хьоьхуш а хилла дарбанчаша. Ткъа энаш дерг, заза а, гIаш а чу а тосий, довхачу хи чу хаош хилла. Цунах дарба хуьлуш а хилла.
З.МАДАЕВА
№40, хIутосург (май) беттан 28 де, 2019 шо