КIентан ойла лакхене кхийдара

Невран кIоштарчу Фрунзенски юьртара ву Вокалистийн ерригроссин «Ты супер!» конкурсехь дакъалацар бахьана долуш, берриге а махкахь а вевзина волу Алиев Юсуп. Бераллехь нана дIа а яьлла, йиъ йоI, цхьаъ бен воцу Юсуп шен ницкъ кхочучу барамехь дола а деш, лелош вара бIаьрзечу дас.

Дукха жима волуш дуьйна а нохчийн иллеш дукхадезаш а, дечиг-пондар тIехь уьш дIаала хууш а ву Юсуп. Республикин конкурсашкахь жигара дакъалоцуш, дукхазза а толаман меттигаш а яьхна цо.

Делахь а кIентан ойла лакхене кхийдара, цо сатуьйсура артист хила. Амма бIаьрса цахилар бахьана долуш, болх бан аьтто боцуш висинчу дена ницкъ а, я аьтто а бацара, ненан марзонах хаьддачу шен цхьаъ бен воцчу кIентан лаам кхочушбан.

Юсупан дахар дика хилийтархьама а, дешна ваьлча кхидIа а иллиалархочун говзалла караерзо аьтто хилийтархьама а Соьлжа-ГIалин «Приоритет» гимназе деша дIавелира иза дас.

Гимназехь дика деша а, конкурсашкахь дакъалаца а ларош схьавогIуш вара кIант. Цо даима дагахь латтавора шен бIаьрзе да а, шел йоккха йолу йиъ йиша а.

Юсупа иллеш дIаолуш яьхна видеош ю интернета чохь. И видеош бахьана долуш Нохчийчохь вевзаш а, дукхавезаш а ву кIант. Массарна а боккха кхаъ хилира Вокалистийн ерригроссин «Ты супер!» конкурсехь цо дакъалоцуш хиларх.

Билгалладаккха лаьа, конкурс кхозлагIа дIахьош хилар а, рогIерчу конкурсехь дакъалоцурш буобераш хилар а. Иштта кхаьчна вара вайн къона махкахо а оцу конкурсе.

Музыкин школе лелла вацахь а, Юсупа шен зевнечу озаца, жюрин а, хьовсархойн а шега безам а, сий-ларам а кхоллаболуьйтуш, дIаэлира иллеш. Ахфинале кхаччалц дакъалецира цо оцу конкурсехь. Иза а боккха толам бу кIантана.

Ахфиналехь илли дIааьлла ваьллачул тIаьхьа боккха кхаъ бохьуш, Юсупан дог-ойла ира-карахIоттош, цуьнан догъэца, вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Нохчийчоьнан Правительствон Председатель Хучиев Муслим вахара.

Кадыров Рамзанан цIарах конкурсан дакъалацархошка, жюрин декъашхошка салам-маршалла а луш вистхилира Хучиев Муслим.

Цо конкурсехь кхиамца дакъалацарца декъалвира къона илланча, иштта, ерриге а Нохчийчоь цунах йоккхаеш хилар а хаийтира.

Цул тIаьхьа, ша беана некъ бовзийтира цо: Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Регионан юкъараллин фондан цӀарах къоначу артистана Соьлжа-ГӀали юккъехь петар эцна хилар а, иштта, Юсупана вокал Ӏаморан декъехь йолу харжаш Фондо шена тӀелаьцна хилар а дIахаийтира.

Буоберийн дог хьастар деза ду Далла гергахь.

Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьажон пIелг а, юккъера пIелг а гайтина аьлла: «ХIара ши пIелг санна Ялсаманехь суна юххехь хир ву буоберийн дог хьаьстинарг а, церан хьашташ кхочушдинарг а».

Оццул сийлахь гIуллакх ду Юсупана дина гIо-накъосталла.

ХIинца Юсупан аьтто бу, шена еллачу хIусамехь шен деца цхьаьна Iан а, дешар, похIма кхио а, ирсе ваха а.

ВЕГИЕВА Макка
№40, хIутосург (май) беттан 28 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: