Кадыров Рамзана Iумрат дина

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Iумрат дан СаIудийн Араве вахара. Цуьнан хьокъехь цо хаам бина «ВКонтакте» сетерчу шен агIонехь.

«Везачу АллахIан къинхетамца, тхо, хьомечу ненаца Несин Айманица, къаношца, Iеламнахаца, йижаршца, берашца, вежарийн, йижарийн берашца, ларамечу вежаршца, бевзаш болчу а, ларамечу а нахаца сийлахьчу Макка даьхкина. Оха цхьаьна Iумрат дира, Сийлахьчу КаIбатна ворхIазза го а боккхуш, оццул дIасадахара ас-Сафа а, аль-Марва а лаьмнашна юкъахь. Оха Везачу АллахIана хастам бо Сийлахь-боккхачу Рамадан баттахь Макка кхача а, бусалба дин доссийна а, вайн Элчано Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьххьара дин кхайкхийначу а меттигашкахь хила тхан аьтто барна», – яздина цо. Кадыров Рамзана дийцарехь, цигахь дуьненан массо а маьIIера баьхкина бусалбанаш бу. «ЧIогIа воккхавево Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказан регионашкара а, арахьарчу мехкашкара а дуккха а бахархой кхузахь гича. Цара баккхийберца маршаллаш хоьтту, къамеле бовлу. Цо къеггина гойту, берриге а бусалбанаш, миччахь Iаш хиларх а, уллера цхьа вежарий, йижарий хилар! Цаьрца цхьаьна оха доIанаш деш, АллахI-Деле дийхира маьрша дахар а, ирс-аьтто а, кхиамаш а, бусалбанийн цхьаалла а хилийтар. АллахI-Дала жоп лойла вайн доIанашна!», – яздина Р.Кадыровс «ВКонтакте» сетерчу шен агIонехь.

I.МУРТАЗОВ
№41, хIутосург (май) беттан 31 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: