Шеца цхьаьна пачхьенан мэр а, кхочушдаран органийн векалш а болуш, Соьлжа-ГӀалин Старопромысловски кӀоштахь йолчу «Старый» кӀотарахь хилира кIира хьалха республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Пачхьенан мэра Закриев ИбрахӀима оцу кӀотарахь Ӏачу нехан чолхе хьал дийцарца доьзна дара Кадыров Рамзан цига вахар.
КӀотара дӀакхаьчначу Куьйгалхочунна гира меттигера бахархой советийн Ӏедалан муьрехь йинчу дечигийн а, ширачу а гӀишлошкахь Ӏаш хилар.
Циггахь цо хаийтира, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин гӀоьналлин фондан президентан Несин Айманин дӀадолорца, кӀотарахь Ӏачу 50 доьзална Мархийн бутт чекхбалале хӀусамаш лург хилар.
Цул сов, оцу кӀотаран бахархойн проблемаш а, лазамаш а талларан Ӏалашонца, леррина комисси вовшахтоха сацам а хилира республикин Куьйгалхочун.
Билгалдаккха догӀу Кадыров Рамзан, шен резиденцера дӀа «Старый» кӀотара кхаччалц, вилспетахь вахана хилар – некъан йохаллехь бахархошца къамеле а вуьйлуш.
Цул тIаьхьа даьлларг кIира бен доццушехь, хIутосург (май) беттан 29-чохь оцу кӀотарарчу 50 доьзална дӀаелира петарш а, кехаташ а, неӀарийн догӀанаш а.
Оцу Ӏалашонца дӀадаьхьира пачхьенерчу банкетийн «Firdaws Grand Hall» залехь леррина цхьаьнакхетар – мархадастар, лакхахь хьахийначу кӀотарарчу доьзалшна петарш дӀаялар, нашидийн суьйре.
И цхьаьнакхетар а, 50 доьзална петарш ялар а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин гӀоьналлин фондо вовшахтоьхна дара.
Банкетийн «Firdaws Grand Hall» залехь бахархошна петарш дӀаяларехь дакъалецира Соьлжа-ГӀалин хьалхарчу вицемэра Хаджимурадов Ӏийсас а, пачхьенан Старопромысловски кӀоштан префекта Абдулаев Мансура а.
Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Соьлжа-ГӀалин мэра Закриев ИбрахӀима а, иштта, Фондан цӀарах петарш кхаьчначу бахархоша а доккха баркалла элира Фондан президентана Несин Айманина.
Оцу кӀотаран бахархойн проблемаш а, лазамаш а талларан Ӏалашонца, дIадаханчу кIиранах леррина вовшахтоьхначу комиссис боккха болх бина – меттигерчу бахархошна тIера хIусамийн-коммунальни хьаштех пайдаэцарца доьзна декхарш толлуш, церан доьзалхошна медицинин учрежденешкахь оьшуш долу гIо дIакхачош, и.дI.кх.а.
Кадыровн цIарахчу фондера шайна петарш кхаьчначу бахархоша баркаллаш бехира республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, Фондан президентана Несин Айманина а.
Хазахетарца оьху бIаьрхиш ца совцалуш а, дегнаш кIаддалла бахьана долуш боьлхуш а, вовшашка юх-юха кхаьънаш дохуш а бара и нах.
Цара дийцарехь, республикин Куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а, Кадыровн цIарахчу фондан президентах Несин Айманих а беркат а даьлла, туьйранашкахь а бен хила йиш йоцуш долу ирс ду цаьрга а, церан доьзалшка а Веза-Воккхачу Дала безачу, сийлахьчу Мархийн баттахь кхачийнарг.
И.ХАСАХАНОВ
№41, хIутосург (май) беттан 31 де, 2019 шо