Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 2018-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 5-чу дийнахьлерчу №01–26 тIедахкарш кхочушдаран гурашкахь, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима куьг а яздеш, тIеэцна ГаланчIожан кIошт 2019-чу шарахь кхиоран декъерчу Iалашонийн план.

ТIеэцна йолу Iалашонийн план 20 декъах лаьтташ ю. Царах цхьадолу дакъош карарчу шарахь кхочушдан долийна ца Iаш, шеран чаккхенехь чекхдаьхна хила дезаш ду, ткъа цхьадерш – карарчу шарахь дIа а долийна, тIедогIучу масех шарахь чекхдаха дезаш а.
Иштта, оцу планаца нийса а догIуш, карарчу шарахь хIитто езаш ю кIоштахь меттахIоттор йолчу 7 юьртан (ЦIеча-Аьхк, Мержа, Ялхара, Аьккха, ЧIармах, Хьайбах, ГаланчIож) кхиаран (тIаьхьалонийн) планаш. Къасто дезаш ду оцу яртийн а, ГаланчIожан кIоштан а дозанаш. Дагадаийта догIу кIоштахь меттахIиттор йолчу яртийн дозанаш къасторан болх дIабирзина хилар.
Шайн дай баьхначу кIошта Iен а, баха а хьалабаха луучу республикин бахархойн цIерш вовшахтоха езаш ю. И болх чекхбала гергабахана.
ДIаболо безаш бу автомобилийн «ЦIеча-Аьхка – Буммат» (0 – 6 км) а, «Буммат – ЦIеча-Аьхка» (6 – 29 км) некъ баккхаран а, цу тIе силам дилларан а болх. Билгалдаккха догIу и болх хIинцале а дIахьош хилар. Цул сов, Iалашонийн планаца догIуш ду оцу некъа тIехь 3 тIай тиллар (3-чу км, 6-чу км, 15-чу км) а. Оцу декъехь болх а дIаболийна.
«Чеченэнерго» компаница дийцаре а дина, хIотто езаш ю токан серий кIошта кхачоран план-схема а, оцу декъехь энергетикашна республикин куьйгаллера оьшур долчу гIо-накъосталлин барам а.
«Газпром газораспределение Грозный» компаница дийцаре а дина, хIотто езаш ю кIошта газан биргIанаш ялоран план-схема а, оцу декъехь компанина оьшур долу хьелаш а.
Мобилан зIенан «МегаФон» а, «Билайн» а, «МТС» а, «ВТК» а, «Yota» а операторшца дийцаре дан дезаш ду церан сеташ кIошта кхачоран гIуллакх.
КIоштахь ян леринчу школа-интернатана латта къастор, школаинтернатана а, цунна леринчу юкъарIойлина а план а, смета а хIоттор.
Фельдшерийн а, акушерийн а пункташ (ФАП) ян латтанаш къастор а, цхьа ФАП яр а.
МеттахIитто леринчу ярташкахь ловзаран спортан майданашна латтанаш къастор а, майданаш яр а.
МеттахIитто езаш йолу культурин а, архитектурин а объекташ къастор.
Туризман маршруташ къастор а, уьш кечъярехь а, цигахь хьелаш кхолларехь а дакъалацар.
И.АДАМОВ
№41, хIутосург (май) беттан 31 де, 2019 шо