«Ненах лаьцна илли» конкурс

IMG-20150310-WA0029

хилира Соьлжан районан Культурин цIийнехь. Конкурсан Iалашо яра къона похIманчаш къастор а, царна накъосталла дар а, кегийрхошкахь культура, синмехаллаш кхиор а.

Конкурс вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо а, Соьлжан районан культурин урхалло а. Цигахь дакъалоцуш бара районан школийн дешархой. Дакъалацархой кхаа тобане бекънера: 7 шарера 10 шаре кхаччалц а, 11 шарера 14 шаре кхаччалц а, 15 шарера 17 шаре кхаччалц а хенаш ерш. Конкурсехь дакъалоцуш хIора а школера кхоккха дешархо вара (хенашка хьаьжна, хIора тобанехь – цхьацца дакъалацархо).  Озе а, сцени тIехь леларе а, артистизме а, ша олучу иллин маьIна ладогIархошна дIакхачо хааре а хьаьжжина мах хадабора жюрис берийн хьуьнарийн. Жюрихь яра Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо, районан Культурин цIийнан директор Джанаралиева Зараъ, Соьлжан районан дешаран отделан куьйгалхочун заместитель Ясакова Сацита, районан Берийн кхоллараллин цIийнан директор Исаева Марет, Серноводскерчу агротехнически колледжан студентийн кхеташонан куратор Чадаева Таиса.

Оьрсийн а, нохчи         йн а меттанашкахь ненах лаьцна эшарш лекхира бераша. «Нана» боху дош муьлххачу а маттахь хаза ду, ненах лаьцна хIора  илли а хаза дека. Хьовсархоша самукъадаларца ладугIура берийн эшаршка. Царех цхьаерш самукъане яра, цхьайолчара велха дог доуьйтура. Бакъду, хIора а йиш нене болу безам гойтуш яра.

Дакъалацархойн хенашка хьаьжна, хIора  тобанехь кхоккха толамхо билгалваьккхира. 7 шарера 10 шаре кхаччалц болчарна юкъахь 1-ра меттиг яьккхира Ассиновскера №1 йолчу юккъерчу школин дешархочо Татарашвили Есамас. 2-гIа меттиг – Серноводскера № 4 йолчу школин дешархочо Дышниева Хедас. 3-гIа меттиг яьккхира Ассиновскера № 2 йолчу школин дешархочо Исмаилова Азас.

11 шарера 14 шаре кхаччалц хенаш йолчу дакъацархошна юкъахь 3-гIа меттиг яьккхира Ассиновскера №1 йолчу школерчу Амриева Мадинас. 2-гIа меттиг яьккхира. 1-ра Серноводскера №2 йолчу школерчу Адаева Залинас меттиг Сернодскера №1 йолчу школерчу Кавраева Седас а, цигарчу  №3 йолчу школо Ясакова Селимас а йийкъира.

Уггаре а  баккхийчу дакъалацархошна юкъахь (15 шарера 17 шаре кхаччалц хенаш ерш) билгалъелира Серноводскера №1 йолчу школера Дундаева Амина а, № 3 йолчу школера Зубайраева Хеда а. Цаьршимма 1-ра меттиг йийкъира.  2-гIа меттиг яьккхира циггарчу №4 йолчу школерчу  Мурадова Таисас. 3-гIа меттиг Ассиновскера № 1 йолчу школерчу Шовхалова Амината яьккхира. Конкурсан толамхошна  Сийлаллин грамоташ а, дагалецаман совгIаташ а делира.

А.МУСАЕВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: