Иорданера гоьбевлла нохчийн къонахий

1901-чу шарахь Даймахкара, бусалба махка хIижрат дан нийят дина, гIаш арабевллера цхьаболу нохчий. ХIетахь, Хонкара махкахь севцира цхьаберш. ТIаьхьа, Iаьрбийн мехкашка дIабахара кхиберш. Урдуне (Иордани) кхаьчначу нохчаша шайн ламастех а, маттах а, доьналлех а ца бухуш, Iалашйира шайн нохчалла. Урдунехь, къар ца луш, къахьоьгуш баьхна нохчий.

Iедало Урдунерчу нохчех дуьххьара дарже хIоттийнарг Бено Ойб Абдалла вара. Сувеле юьртахь туп тоьхна баха хевшинчу нохчийн векал вара иза. Шена туркойн а, Iаьрбийн а меттанашкахь дика деша-яздан а Iамийнера Ойба. Цундела дика дIакхийхьира цо Урдунерчу нохчийн гIуллакхаш.

1929-чу шарахь Урдунера туркойн Iедал хийца a делла, ингалсан Iедал хIоьттича, Ойба, шен хьекъалечу сацамашца тIедеанчу Iедалца юкъаметтиг Iалашъеш, нохчийн хьал а, Iер-дахар а маьршачу хорша дерзийра. Оццу хенахь Урдунан паччахь IабдаллахI-Хьалхарниг сих-сиха хуьлура Ойб волчохь.

ТIедеанчу ингалсан Iедалца юкъаметтиг Ойба тойина хилар бахьанехь, оцу Iедало нохчашна цхьацца даржаш делира. Цу заманахь шайн доьналла гайтира дуккха а нохчаша. Царах цхьаъ Султан Идрис вара.

Султан лакхарчу дарже а кхаьчна, Ингалсан эскарехь эпсар вара. Идрис Султанан да а, ялх ваша а веллера ДегIастанера (Нохчийчуьра) гIаш Урдуне вогIучу хенахь. Ненан цхьаъ бен воцуш, юьртабахам лелош, нанас Сувелехь кхиийна вара Идрис Султан. Говр хахка а нанас Iамийнера цунна.

16–17 шо кхаьчча, Ингалсан эскаре ваха гIоьртича, жима ву аьлла, дIа ца ийцира иза, ткъа говр хохкуш гича: «Кхунна-м хIумма а Iамо а ца оьшу» аьлла, дIаэцнера.

Ингалсан эскарехь шена ингалсан мотт Iамийнера цо. Туркойн а, жуьгтийн а меттанаш хууш а вара. Жималлехь дуьйна нахана гIо дан лууш, дуьненан хIуманна тIехь са доцуш, чIогIа адамалла йолуш вара Идрис. Ингалсан эскарехь капитанан дарже кхаччалц дIавахара Идрис.

Ингалсан Iедал дIадолуш, жуьгташа и мохк боккхуш, хиллачу тIеман тасадаларшкахь тIом бира цо. Цу хенахь майор вара иза. Цигара юхавала ца туьгуш дукха Iийра Идрис. Амма тIе герз ца доуьйтуш гатвича, ца ваьлча денна, юхавелира, шеца пхи-ялх стаг бен ца вуьсуш.

Цул тIаьхьа, Iаьрбийн эскарехь полковникан дарже кхаччалц гIуллакх дира. Ша даржехь мел ву, нахана гIо деш хилла а ву.

Идрис пенсе вахча, шен дайша лелийна юьртабахам лелош сецира, кхин цхьанхьа дарже хIотта реза ца хилира. ЧIогIа нахана везаш стаг вара Идрис. Нохчаша а, Iаьрбаша а чIогIа лоруш а вара. Массара а олура: «Шен хьекъалца нахал хьалхаваьлла стаг ву иза».

Кавказан цIарах Урдунан махкахь клуб хIоттийнарг Идрис вара. Цу заман чохь цхьа а клуб яцара Урдунехь. Клубан коьрта Iалашо яра нохчашна деша-яздан Iамор. Цуьнан Iалашо кхочушхилира.

ДегIастанахь Совсар цIе йолуш шича вара Султан Идрисан. Совсара, коммунистийн Iедал долчу хенахь, Идрисан сурт цхьана хIуманна юкъа а хьарчийна, лаьттах а доьллина, Iалашдеш хиллера. Ша дийна волуш, Даймахках а, цигарчу шен гергарчех а чIогIа хьоьгуш хуьлура иза. 1985-чу шарахь бакъдуьнена дIакхелхира иза.

Бено Ойб а, Султан Идрис а саннарш дукха бу Урдунерчу нохчашна юкъахь. Царах лаьцна, тIаьхьа кхин а яздеш хIума дийр ду ас.

Таханлерчу дийнахь, хийцалуш, чолхе доьрзуш долчу хьелашкахь шайн дайшкара схьаэцна дикка хIума довш лаьтта Урдунерчу нохчашкара. Иза ца дайта дукха гIуллакхаш ду оха дан дагалаьцна.

БАКИР Iабдул-Хьамийд, Урдунера нохчи
№41, хIутосург (май) беттан 31 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “Иорданера гоьбевлла нохчийн къонахий” йаздарна бухахь

  1. Сурт цхьаъ нийса ду важа кхечуьнан сурт ду. Дуьххьалера сурт Идрисан дац. Шолгӏаниг Ойб, ву нийса ду.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: