Республикерчу 30 эзар гергга дешархочо дIалур ю пачхьалкхан экзаменаш

ТIекхечи школийн дешархоша экзаменаш дIало жоьпаллин мур. Нохчийн Республикехь 30 эзар гергга дешархочо дIалур ю Пачхьалкхан цхьааллин экзамен а (ЕГЭ), Пачхьалкхан коьрта экзамен а (ОГЭ). Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дIаялар хIутосург (май) беттан 27-чу дийнера мангалан (июль) беттан 1-ра де тIекхаччалц дIахьур ду.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо хаам ма-барра, хIутосург (май) беттан 21-чу дийнахь динчу жамIашца ПЦЭ дIаяла регистрацех чекхваьлларг 7 135 арахецархо ву, царах 216 дешархочо могашалла ледара йолчу дешархоша дIалуш йолу пачхьалкхан арахецаран экзаменаш дIалур ю.

Пачхьалкхан коьрта экзамен дIаяла регистрацех чекхваьлларг 22 506 дешархо ву.

Пачхьалкхан цхьааллин экзаменан коьрта мур экзаменаш дIаяла билгалъяьккхинчу 33 меттехь дIахьур бу, ткъа могашалла ледара йолчу дешархошна экзамен дIаяла кечйина 3 меттиг хир ю.

Экзамен дIаяларан къепена тIехь терго латтош хир ву Нохчийн Республикин кхаа вузера 116 стаг, царна гIоьнна Дона-тIерачу-Ростоверчу пачхьалкхан университетера 40 студент а вогIур ву.

Экзамен дIаялар тидамехь латтор ду регионан юкъараллерчу 11 стага, цул сов, федеральни юкъараллин тергамхой а хир бу.

Хьалха а ма-хиллара, экзамен дIалучу ерриге а меттигашкахь видеокамерш хир ю онлайн рожехь болх беш.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№41, хIутосург (май) беттан 31 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: