Славянийн йозанан а, культурин а де билгалдаьккхира

Ламаст хилла дIахIоьттина хIора шеран хIутосург (май) беттан 24-чу дийнахь Славянийн йозанан а, культурин а де билгалдаккхар.

Нохчийн Республикин культурин министерствос йоккха программа кечйинера оцу даздаршна лерина.

Соьлжа-ГIалахь I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонина хьалхарчу майданахь йоккха концерт хилира.

Цигахь дакъалецира филармонин артисташа а, Россин Федерацин къоман гвардин иллин а, хелхаран а Жуковн орденан эскаран академин ансамбло а, республикин берийн хоро а.

I.Шахбулатовн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин артисташа нахана дукхадезаделла иллеш элира, иштта, Россин къоман гвардин ансамблан солисташа а хазийтира советийн заманахь дуьйна нахана дезаделла, девзаш долу иллеш.

Билгалдаккха деза Славянийн йозанан а, культурин а де Россин Президентан Указаца 2010-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш хилар.

Кириллас а, Мефодийс а желтойн маттера славянийн матте яьккхина хилла динах лаьцна книгаш. Цаьршимма славянийн абат хIотторца кхоьллина ду славянийн йоза.

Оьрсийн йоза а, культура а кхиорехь доккха маьIна лелийна славянийн йозано.

Россин халкъашна вовшийн культураш йовзийтарехь доккха маьIна леладо славянийн культуро.

З.ХИЗИРОВА
№41, хIутосург (май) беттан 31 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: