Футболах ловзарехь Россин Премьер-лигин хIокху шеран чемпионатан тIаьххьарчу турехь Нохчийчоьнан коьрта команда шен цIахь, Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Аренин» футболан майданахь, Дона-тIера-Ростоверчу «Ростов» командица левзира.

Цхьана а командина дIора маьIне а дацара и цхьаьнакхетар, толам баьккхина команда турниран таблицехь 8-чу меттехь йисар доцург.
Цуьнга хьаьжжина дара ала мегар ду шина а командин футболистийн ловзар, къаьсттина ростовхойн.
Юьхьанца гIеххьа жигара хилла болу хьеший, шозза-кхузза тIелатар а дина, иза кхиаме ца хилча, паргIатбевлира. Аьлча а, шайн ков лардар коьрта лоруш, ловзура. Ишттачу ловзаро цкъа а кхиаме ца кхачаво. «Ростована» а хилира изза.
ХIусамдай хиларе терра, шайн хьовсархошна хьалха дика, хаза ловза гIертара «Ахматан» футболисташ. Церан цхьадолу тIелатарш говза а, хьажа дог доуьйтуш а хуьлура. Ишттачарах дара Исмаэла а, Мбенга а дакъалоцуш дIадаьхьна хилла тIелатар.
Исмаэла сонера схьатоьхначу буьрканна массарал а хьалха тIекхиира Мбенг. Цо коьртаца хаза гол туьйхира цхьаьнакхетаран 38-чу минотехь 1:0.
ШолгIачу таймехь шозза а, кхузза а жамI хийца аьтто белира «Ахматан». Амма оцу аьттонах эца ма-беззара пайда ца ийцира.
Ивановс говза хьажийначу буьрканна тIекхиъначу оццу Мбенга тоьхна буьрка кевнан бIогIамах а кхетта дIаяхара.
Кхин цкъа а «Ростовн» кевнахочун Черновн догдохо йиш йолуш вара иза. Делахь а, кевнахо дика ловзарна, жамI хийца ца луш дисира.
Цу тайппана, хIокху шеран чемпионатан тIаьххьарчу, 30-чу турехь жамI 1:0 долуш толам баьккхира «Ахмато».
Хь.САЙДАЕВ
№41, хIутосург (май) беттан 31 де, 2019 шо