Хьомсара вежарий, йижарий! Ас даггара декъалдо шу мархадастаран дезачу денца! Везачу АллахIа къобалдойла шун фарз марханаш!

ХIокху дийно вайн дог-ойла тойо, диканаш дарехь совдоху, вай къинхетаме до, Iамадо собаре хила, вовшех дог лаза, чIагIйо гергарлонийн, доттагIаллин уьйр-марзонаш, зIенаш.
Дерриге а дуьненарчу миллионаша бусалбанаша мархадостучу дийнахь вовшийн марханаш къобалдо, вовшийн декъалдо, терго а, гIайгIа а бо гергарчеран, гIо-накъосталла оьшучеран, гIийла-мискачеран. Цундела мархадосту де чIогIа мехала а, кIорггера маьIна долуш а, ийман чIагIдеш а, гIиллакхехь вай совдохуш а ду.
Сийлахь Рамадан бутт, ламасте дирзина ма-хиллара, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо даккхий сагIанаш дохуш, гIийла-мискачарна гIо-накъосталла деш дIабаха. Оцу къинхетамечу организацин беркате гIуллакхаш бахьана долуш, Соьлжа-ГIалара Дамаске кхаччалц болчу бIеннаш эзарнаш бусалбанийн маьхза мархадостийла хилира. Дуккха а нахана чохь Iан хIусамаш а елира, дуккха а ахчанаш а луш, дарбанаш а дира Регионан юкъараллин фондан чоьтах.
Суна къаьсттина воккхаверца билгалдаккха лаьа Нохчийн Республикин бахархоша сийлахь Рамадан бутт хьакъ ма-дду дIабаьхьна хилар.
Вайн маьждигаш дуьзна дара таравихь ламазаш деш болчара, Веза а, Сийлахь а волу АллахI хесточара, Къуръан доьшучара, доIанаш дечара.
Хьомсара вежарий, йижарий! Везачу Дала къобалдойла шун марханаш!
Лаьа шу ийманехь совдовлийла, шун аьтто хуьлийла, шун кхиамаш хуьлийла!
№42, асаран (июнь) беттан 4 де, 2019 шо