Керла объекташ схьайоьллур ю

Карарчу шарахь Нохчийн Республикехь ян а, тоян а лерина ю 100 сов объект: школаш, берийн бошмаш, Культурин цIенош, ФАП-аш, кхиерш. Цу юкъайогIу 18 юкъарадешаран школа а, 13 берийн беш а, ялх Культурин цIа а, исс фельдшерийн-акушерийн пункт а. Цуьнан хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима.

Хьаьттан (август) баттахь Шела гIалахь схьадоьллур ду Европехь уггаре а доккха долу, 20 эзар стагана лерина долу, Кадыров Рамзанан цIарах долу маьждиг. Иза хIинцале дина даьлла лара мегар ду, кIеззиг болх бен ца бисина цигахь. Гонахара меттиг а ю куьце ялош.

Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Эдильгириев Амруддис дийцарехь, гIишлошъяран белхаш билгалйинчу хенахь дIабаьхьна, коьрта тидам тIебахийтина белхан дикаллина.

Иштта, Шелахь еш ю республикехь ворхIалгIа йолу хьафизийн школа. Кишин Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вевзаш волчу мурдан Дурди-Шайхан цIарах хир ю иза. 100 стагана лерина хир ю иза. Шелара маьждиг а, хьафизийн школа а схьайоьллур ю хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь. Цу дийнахь республикехь дIахьур ю шиъ Дуьненаюкъара динан конкурс: Сийлахь Къуръан дешаран конкурс а, вайн Элчанна Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лерина конкурс а.

Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена юьртахь йийр ю 200 хьовсархойн меттигна лерина долчу Культурин цIийнан керла гIишло. Цуьнан хьокъехь Инстаграм социальни сетерчу шен агIонехь хаам бина Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Бауддис.

«КIоштан администрацин куьйгалхочуьнца Музуруев Асланбекаца цхьаьна тхо хьаьвсира гIишло ян леринчу майдане. Белхалой карийначул тIаьхьа гIишло яр дIадолор ду», – яздина цо.

Гуьмсан кIоштарчу Дарбанхи юьртан психдиспансеран лоьрашна лерина 16 петар йолу цIа дийр ду оцу юьртахь.

МогашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана дийцарехь, психоневрологин больницехь болх бечарна лерина долу цIа кестта дан долор ду, проектан-сметан документаци кийча ю, герггарчу хенахь болх дIаболор бу.

ТIехьа-Марта юьртахь кестта хир ю керла автостанци. Цигахь хилира Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министр Черхигов Рамзан. Инвестицийн ахчанах еш ю автостанци.

Министра дийцарехь, кхузаманан а, нохчийн халкъан а архитектурин кепехь йийр ю и объект. Белхан керла меттигаш хиларал сов, кIоштан хаза меттиг а хир ю и гIишло. Белхан кхузаманан дерриге хьелаш хир ду автостанцехь, коьрта тидам тIебохуьйтур бу пассажирашна бегIийла хьелаш хилийтарна.

I.ТЕРЛОЕВ
№42, асаран (июнь) беттан 4 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: