Республикера оперативни хьал

Наркотикашца къийсам дIахьо

ХIокху деношкахь полицин белхахоша Нохчийн Республикин масех меттехь гучудаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор.

1984-чуй, 1987-чуй, 1988-чуй шерашкахь бина болчу Соьлжа-ГIалин а, Грозненски а, Шелан а кIоштийн бахархошкахь кара а йина, полицин белхахоша схьаяьккхина 250 грамм сов кIомал.

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикашна тIехь терголатторан урхаллин белхахоша, «Терго» цIе йолу оперативнипрофилактикин мероприяти дIахьочу хенахь, Соьлжа-ГIалара Сайхановн урам а, А-Хь.Кадыровн проспект а къаьстачу меттехь сацийра 1988-чу шарахь вина волу вахархо.

Таллам дIахьош, полицин белхахоша, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 110–120 грамм наркотик чохь йолу полимеран тIоьрмиг.

Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю лакхахь хьахийначу бахархоша динчу зуламийн.

Бахархошна тIедиллина полицин отделе бахкар. Схьаяьхна наркотикаш талламбан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше. ДIахьош ду таллам бар.

Масех некъан-транспортан бохам хилла

ХIокху деношкахь масех некъан бохам хилла вайн республикехь. Устрада-ГIалахь, Гуьмсе гIала йолчу агIор воьдуш хиллачу, 1986-чу шарахь вина волчу, «Ниссан Тиана» автомашенан водитела шен автомашен тIетоьхна Устрада-ГIалара араволуччохь йолчу бетонан нартолна.

Нартолах кхеттачул тIаьхьа автомашенах цIе яьлла. Некъан-транспортан бохам бахьанехь автомашенан водитель а, 1971-чу шарахь вина волу пассажир а циггахь дIакхелхина.

Кхин цхьа некъан-транспортан бохам хилла республикин Хьалха-Мартан кIоштахь: Хьалха-Марта гIали чу боьдучу новкъахь, 1997-чу шарахь вина волчу «ВАЗ-217030» автомашенан водитела, дуьхьалбогIучу новкъа валар бахьанехь, шен автомашен тIетоьхна 1987-чу шарахь вина волчу Грозненски кIоштан вахархочун «Опель Астра» автомашенна.

Некъан-транспортан бохам хилар бахьанехь лазийна волу автомашенийн ши водитель Хьалха-Мартан кIоштан больнице вигира. Автомашенаш кIеззиг йохийна, уьш Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан кIоштахь йолчу отделан машенаш дIахIиттайойле ялийна.

Некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу. ДIахьош ду таллам бар.

Къоланаш дарна мукIарло дина

Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Курчалойн кIоштахь йолчу отделе ша къола дина хиларан хьокъехь хаам бина 1986-чу шарахь вина волчу Майртуп юьртан вахархочо.

Вахархочо дийцарехь, хIокху шеран чиллин (февраль) беттан 12-чу дийнахь «Лада Веста» автомашенан тIехьарчу охьахоийлехь ша волуш, шена уллехь Iуьллуш хиллачу курткин кисанара цо 3 100 сом ахча лачкъийна хилла. И ахча автомашенан водителан хилла.

Цул сов, оццу беттан 15-чу дийнахь, Майртуп юьртана къилбаседа-малхбузе йистехь, вевзаш воцчу вахархочун спортан курткин аьтту кисанара оццу вахархочо 4 000 сом лачкъийна хилла. И къоланаш ша дина хиларан хьокъехь мукIарло дина вахархочо. ДIахьош ду таллам бар.

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а пресс-службийн гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.ГАЙРБЕКОВ
№42, асаран (июнь) беттан 4 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: