Юьртан Iу

Цхьамма а хIоттош вац цхьана а юьртан Iу. Наха хоржуш вац, Iедало чIагIвеш вац, цхьа а и дарж лоьхуш, я доьхуш а хуьлуш вац. Я билгалдина, юьртан Iу  аьлла  дарж хуьлуш а дац. Амма юьртан Iу  хуьлуш ву, массо а юьртахь  ца хилахь а. Цхьайолчу ярташкахь,  юрт йоккха я жима  хилар хьесапе  а доцуш,  Iу  хуьлуш ву.   Цхьаъ хила а, я масех хила  а тарло юьртахь Iу.

– Хьо кху юьртан Iу ма  вара, хьуна хаа ма=дезара, хьо кхиа ма везара массанхьа а, аьлла цхьаммо, жоп деха а, барт хатта а тарлуш  дац, цхьанна а юьртахочуьнга  цхьана а хиламах а, зуламах а. Муха  хоттур ду «юьртан Iу»  аьлла, дарж хила а ца хилча.

Дала шен Элча а вина ваийтина, Делан цIена дин адамашна а, жинашна а довзийтар шегара схьа долчу  Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) шарIехь а билгалдина дац иштта дарж. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) баьхна  бусалба нахе: «Шух хIора а Iу  ву, Дала шух тешийна  цхьацца жоьпалла а долуш». Доьзалан да Iу ву шен доьзалан, шен  бахаман, шен зудчун. Уггаре а хьалха массо а Iу ву шен дегIан. Муьлхха а цхьана бахьаница  дарже кхаьчна стаг – эццахь а Iу  ву. Жоп дала дезар ду  цуьнан Далла хьалха, массо а шех тешийна хилла а, шегарчу даржо лехам беш  хилла а мел долчух. Амма, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) билгалдина дац юьртан, къоман Iу я Iуй  аьлла долу  даржаш. Шен дахарехь цхьа а шен асхьаб цхьана а юьртахь Iу  хила веза хьо  аьлла, хезна меттиг  яц  суна. Делахь а, бусалба динан истори юьйцуш долчу цхьана тептара тIехь ас дешна  Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дIакхелхинчу дийнахь гулбелла хиллачу ансараша аьлла хилла: «Элча (I.с.в.с.) тIелаьцна а, цуьнан гIоьнчий а хилла шаьш. ХIинца, Элча (I.с.в.с.) дIакхелхича, умматана коьртехь хила а,  Элчанан (I.с.в.с.) некъ дIахьош  жоьпалла тIелаца а декхарийлахь ду  шаьш, ансараш».

Абубакар Сиддикъа, ансарийн сийдеш,  Далла хастам а бина, аьлла: «Умматана коьртехь (халиф) хила  хьакъберш къурайшийн  нах бу. Цундела ас доьху шуьга хIокху Сийдолчу шина къурайшах Iумар  аль Хаттабах, Абу Iубайд аль Джаррах цхьанна  байIат (халиф къобалвеш  чIагIо яр)  дар». ТIаккха сихха Iумара  аль Хаттаба, Дела резахуьлда  цунна, элира боху:  «Суна  хезна Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш: «ХIора  а къоман (къовн, нах) шен-шен  Iу  хуьлуш ву. Шен къоман  Iу  ву  Абу Iубайд аль  Джарра». Со байIат дан воллу  хьуна  я Абу Iубайд, схьакховдаде  хьайн куьг». Цу  минотехь  Абу Iубайда  аьллера: « Пайхамар (I.с.в.с.)  дийна  волуш,  цо ламазна хьалха  ваьккхина Абубакар  Сиддикъ  кхузахь волуш ас дийр дац иза». ТIаккха массаьра а байIат деш, халиф хаьржира  Абубакар  Сиддикъ, Дела резахуьлда цунна.

Оцу доццачу хабарехь вайна тоьшалла ду Элчано (I.с.в.с.) массо а бусалбанашка аьлла хилар: «Шух хIора  а Iу  ву, Дала шайна делла мел долчух жоп  дала а  дезаш». Оцу хьадисан ма-дарра маьIна бусалбанашна дика кхеташ ду. Ткъа Iумар  аль Хаттаба аьлла:  «Элчано (I.с.в.с.) олуш  хезна  суна, хIора  а къоман (къовман-нехан) шайн-шайн Iу  хуьлу. Шен  нехан (къоман) Iу ву  Абу Iубайд аль Джарра».

Оцу сийдолчу асхьабах Элчано (I.с.в.с.)  шен къоман Iу  ву  алар доккхачу маьIне  дош ду. Вайна  кхеточу  маьIнехь  Абу Iубайд аль Джарра шен  нахана  юкъахь  вевзаш асхьаб хилла. Делах  кхерарца, Элчанна (I.с.в.с.) муьтIахь  хиларца,  хазачу амалца, хьуьнар  долуш, Делан новкъахь  майра  тIемало хиларца, нахана эшначохь хуьлуш хиларца, нийсо езаш хиларца. Ша вевзаш болчарна, дуьйцу хезначарна доккха масал хилла, шена гуонахарчарна дика тIеIаткъам беш стаг хилла. Цунах хир ду аьлла хета Абу Iубайд аль Джаррана шеначул а иза тIехдика вевзаш волчу Элчано (1.с.в.с.) цунах шен къоман Iу ву алар. Пайхамар (I.с.в.с) шайна юкъахь волчу асхьабашна дикачу, цIеначу нехан тIеIаткъам хилар оьшуш хилла хилча, ткъа тахана вайна мел чIогIа оьшура и цIена нах.

Иштта долчу дийцарна-къамела тIера дIадоло лии суна вайн ярташкахь сайна бевзина, наха лоруш, юьртахошна, шаьш бевзачарна, буьйцу хезначарна дика тIеIаткъам беш хилла дика нах, цIена нах буьйцуш, хьахош яздан.

Шуьйтан кIоштарчу тхан Ваьрде олучу жимачу юьртахь вара Ахьъяд ц1е йолуш ц1ена стаг, Валин Аюбан к1ант Ахьъяд яра цуьнан юьззина цIе. Юьртахь цхьаъ цомгаш хилла, кIивисча сихойора, Ахьъяд схьавалон. Я кхин сингаттам Iоттабелча, юьртахь я юьртал арахьарчу нахаца дар-дацар хилча улло ваккха, хьалха ваккха дика накъост вара иза. Ткъа юьртахь цхьаъ велча, иза гуттар а хуьлура тезетан хьалхе дIахьош. Цунначул дика цхьанна а ца девзара тезетан гIиллакхаш. Ахьъяда шега деха а ца доьхуьйтуш, юьртахочуьнга деана вуон сингаттам шега схьаоьцура. Диканан дакъа а кхочура цунна. Шен бераберийн хенара кегийнаш а тIехь цуьнан накъостий бара. Ахьъядан цара цIе а ца йоккхура. Цхьаболчара Дада а, кхечара Ваша а олура цунах.

Дуккха а юьртахошка Ахьъяд шайна уллохь вацахь а дагахь, ойланехь хуьлура, ша дийриг я шега деана дика я вуон цунна гуш долуш санна. Нагахь кегийрхойх цхьаъ рузбанехь ца хиллехь иза сагатдеш хуьлура, Вашина дуьхьал нисвала ца лууш. Iилма Iамош болу кегийрхой сихлуш хуьлура хIоразза, шайна керла Iеминарг, девзинарг Дадига дийца. Ахьъядан догцIена, доггах велавалар доккха совгIат дара хIоранна а.

Васаев Ахьъяд дахарехь дуккха а гина а, лайна а вара. Советийн Iедал кога доьдуш, адамаш мозийн меха ца лоьруш, пачхьалкх дIахIотторан, коьрта лехамаш адамаш горах1иттор яра. Гора ца хIуттург вуьйш я цIарах цIийнах воккхуш зама яра Ахьъяд дуьнен чу ваьлларг. 1922-чу шарахь вина ша олура цо. Продрозверстка аьлла цIе а тиллина, мискачу нахера хене бовллал бен тIаьхьа хIума ца дуьтуш «ялта, даьхни дIадохура Iедало. Цул тIаьхьа колхозаш,  юкъара бахамаш бохку бохуш, цхьаъ бен етт ца буьтуш, нехан божалш дассадора.  Ахьъядан къоналла дIаяхара уггаре а луьрачу хенахь 1936–1944-чуй шерашкахь. Таханчул алсам кхана хила безара «халкъан мостагIий». Иштта яра Iедало хIиттош йолу планаш. ХIора дийнахь лоьцуш, бойъуш бара нах. Буьйсанна шайн чохь паргIат охьабийша ца баьхьара божарий. Доьзал хене баккха гурахь лахьана ден бежана шен божал чохь дусто  йиш яцара. Цхьанхьа хьуьна юккъе дIа а лачкъийна дусто дезара иза.

Мел деанарг дерриге а дицдеш, махках бехира нах. Хийрачу махкахь кхойтта шо доккхуш, доьзал кхоьллира Ахьъяда. ЦIабирзича а мел лайра халонаш –цо а, наха а.

И ерриге а халонаш ловш, доьналлица чекхваьллера Ахьъяд. Уггаре а коьрта дара Ахьъяда бераллехь дуьйна а Делах кхоьруш, бусалба ша хилар диц ца деш, мел халчу хьелашкахь а ламаз-марха лардеш схьа веана хилар. Къуръан деша а хаьара цунна.

Кегийчарна дан хьехар а, шен дахарера масалш а далош, дийца хабар а долуш, собаре, хIуманан тIалам бар а, адамийн сийдар а долуш, оьзда стаг вара Ахьъяд. Дала ялсманчохь дарж лойла цунна. Дезткъа шарал тIех ваьлла а волуш, кхелхира иза. Боккха иэшам хилира тхан юьртана. Дуккха а нехан шега ларам, сийдар долуш, даима а дагахь хуьлура иза юьртахошна. Суна хетарехь, ван а вара Ахьъяд тхан юьртан Iу. Иза тхан дагахь хиларо дикадоцчух, нийсадоцчух тхо лардора. Дика дан аьтто баьлча, гуш вацахь а Ахьъядана хазахетарг хиларх тхо даккхийдера.

Иштта дика нах тхан луларчу ярташкахь а бара. Царех цхьаберш суна  а бевзинера. Ткъа цхьаболчарех наха дуьйцуш ладегIна а ву со.

ГIуршкорт олучу жимачу юьртахь вара ГIаьштиган Iусман цIе йолуш цхьа беркате стаг. Урдюхой юьртахь ваьхна Шахьболатан Iадрахьман дика Iеламстаг, хьанал, оьзда, массарна а везаш вара.

Шуьйта-ГIаларчу  Хьаккойн юьртахь бара цхьа хаза, цIена баккхийнах:

Юсин ЯрагIи, Сурхин Дауд, Джангирин Джаьмбиг, вашандаро Iелин Хьусайн. Бекум-Кхьалла юьртахь вара Шабазан Хьусайн цIе йолуш дика стаг. Цуьнан эхь хеташ хилар доккха дара. Шен зудчух, доьзалх тIехь, нахах эхь хеташ догдика стаг вара иза. Пхьаьмта юьртара Нажой  Мохьмадан Апти чIогIа оьшуш, хаза хьехаме къамел долуш стаг вара. Дукха нахана вевзаш стаг вара Сюжа юьртара  Биркъишан СарIела, Тумса юьртара Яхьойн Решид, Осмин. Абубакар нахана безаш, цIена нах.

Ткъа Маьрша-Кхаьллара Годин Iалавди, ГIаттин-Кхаьллара Воьлхи Абубакар, Хьена-Кхаьллара Тимиша Якъуб, Мус-кхаьллара Дачин Iусман, Дехьайистера Аслаханан Сайд-Iали, Борзера Бачин ХIарон, Гуолин Махьмуд. Кегийнаш а, баккхийнаш а хуьлура цаьрца марзо йолуш.

Кхин а дукха бара тхан Шуьйтан кIоштарчу ярташкахь шайн дикачу амалшца а, гIиллакхашца а наха лоруш, оьшуш къонахий. Уьш хьаннаш юкъахь пепнаш санна юьртахойн дика а, вуон а шайх хьакхалуш нах бара. Ас цIерш яьхна и нах тахана боцуш бу. Уьш Дала декъалбойла. Амма тахана а уьш хьехош, биц ца беш хила дезара вай. Царах хIораннах а хир дара, къоначарна масал хир долуш дийца а, яздан а хIуманаш.

АТСАЛАМОВ ИДРИС

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: