Russia Wrestling сайто дуьненахь а уггаре а тоьллачу охьатохархлатархойн рейтинг хIоттийна. Оцу юкъа бахана 1951-чу шарахь дуьйна Олимпиадийн ловзаршкахь а, Дуьненан чемпионаташкахь шозза а, цул алсам а толамаш баьхна болу спортсменаш. Оха шуна вовзуьйту царах тоьлла волу 9 охьатохархлатархо.
ИссолгIачу меттехь ву паргIатчу кепара охьатохархлатархо, Iамаркера гоьваьлла спортсмен Джон Смит. Шина олимпиадехь дашо мидалш яьхна цо. Иштта, толамаш баьхна Дуьненан еа чемпионатехь.
БархIалгIачу меттехь ву Гуьржийчуьра Тедиашвили Леван. Иза охьатохархлатархо а, самбист а хилла. Олимпиадин шина ловзаршкахь дашо мидалш яьхна цо. Ткъа дуьненан чемпионаташкахь йиъ дашо а, цхьаъ дато а мидалш яьхна.
ВорхIалгIачу меттехь ву США-ра Баумгартнер Брюс. Олимпиадин ловзаршкахь шиъ дашо а, цхьаъ дато а, цхьаъ йоьза а мидалш яьхна ву иза. Дуьненан чемпионаташкахь дашо кхоъ а, дато кхоъ а, йоьзан кхоъ а мидал яьккхина.
ЯлхолгIачу меттехь ву Россера (ХIирийчуьра) Фадзаев Арсен. ПаргIатчу кепара охьатохарх леташ хиллачу цо Олимпиадин ловзаршкахь шозза дашо мидал яьккхина, Дуьненан чемпионаташкахь ялхозза толам баьккхина цкъа шолгIа меттиг яьккхина.
ПхоьалгIачу меттехь ву СССР-ра (Россера) Белоглазов Сергей. Олимпиадин ловзаршкахь шозза дашо мидал яьккхина цо. Дуьненан ялх чемпионатехь толам баьккхина, цкъа шолгIа меттиг яьккхина.
ЙоьалгIачу меттехь ву советийн, Россин, Узбекистанан охьатохархлатархо Хадарцев Мухарбек. Шина Олимпиадехь дашо а, цхьана олимпиадехь дато а мидалш яьхна цо. Иштта, толамаш баьхна Дуьненан еа чемпионатехь.
КхоалгIачу меттехь ву Таймазов Артур. Иза хIирийн къомах ву. Делахь а, Узбекистанан вовшахтоьхначу команди юкъахь дакъалаьцна цо дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь. Оцу спортсмена Олимпиадин ловзаршкахь шозза дашо а, цкъа дато а мидалш яьхна. Дуьненан чемпионаташкахь шозза хьалхара а, шозза шолгIа а, кхузза кхоалгIа а меттигаш яьхна.
ШолгIачу меттехь ву нохчийн гоьваьлла охьатохархлатархо Сайтиев Бувайсар. ПаргIатчу кепара охьатохарх леташ хилла волчу цо Олимпиадин ловзаршкахь кхузза дашо мидалш яьхна. Дуьненан ялх чемпионатехь а, Европин ялх чемпионатехь а толамаш баьхна. ПаргIатчу кепара охьатохархлатаран дуьненан федерацис пхоьзза дуьненан тоьлла охьатохархлатархо лерина Б.Сайтиев.
Хьалхарчу меттехь ву советийн (Россин) охьатохархлатархо Медведь Александр. Олимпиадин ловзаршкахь кхузза дашо мидалш яьхна спортсмена. Дуьненан чемпионаташкахь ворхI дашо а, цхьаъ дато а, цхьаъ йоьза а мидалш яьхна. Цу тIе кхузза чемпион хилла йозаллин тайп-тайпанчу категорешкахь. 2005-чу шарахь А.Медведь спортан оцу кепан исторехь тоьлла спортсмен а лерина.
Хь.САЙДАЕВ
№42, асаран (июнь) беттан 4 де, 2019 шо