Вайнехан къоман театр кхиарехь ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь жигара къахьегначу нохчийн яздархойх цхьаъ ву Музаев Нурдин. 1938-чу шарахь язйина цо шен дуьххьарлера «Асет» пьеса.

Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран коьрта режиссер хиллачу Вайнштейн Владимирца цхьаьна «Мекхаш-Мирза» пьеса язйина цо. И спектаклаш Iаламат боккхачу кхиамца хIиттийна вайнехан къоман театран сцени тIехь.
1939-чу шарахь театро «Колхозан седа» цIе йолуш хIоттийначу дуьххьарлерчу нохчийн опереттин автор а ву Музаев Нурдин.
ТIаьхьа «Колхозан седанах» спектаклан цIе хийцар бахьанехь «Колхозхойн деза де» хилира. Спектакль хIоттийнарг нохчийн къоман дуьххьарлера режиссер Батукаев ХIарон вара.
Нохчийн ярташкахь жигара яхка йолийначу колхозаша дебочу беркатах а, цуьнан хьаналчу къинхьегамах а яра «Колхозан деза де» спектакль. Алссам зевне мукъамаш а, шовкъе хелхарш а дара спектаклехь. Спектаклан мукъамаш кхоьллинарг композитор А.Александров вара. Ткъа спектаклера хелхарш хIитто леррина Азербайджанера вехна валийна балетмейстер В.Леонов вара.
Бакъду, цхьа а цхьанхьара ца валийча а, НохчГIалгIайн драмин театрехь кIезиг бацара вайнехан шовкъе хелхарш дан хууш похIме артисташ.
Кхузахь билгалдаккха догIу «Колхозхойн деза де» тIаьхьа СССР-н халкъан артист хиллачу къоначу Эсамбаев Махьмуда дуьххьара дакъалаьцна спектакль хилар.
Пхийттара ваьллачу Эсамбаев Махьмудал а тIаьхьа бисар доцуш хелхаран шовкъехь каде хьийзаш хилла театран актераш Туликов Абухьаьжа, Садыков Iандарбек. Иштта, спектаклехь дакъалоцуш хилла хIинца вайна юкъахь боцу: Исаев Тапа, Р, Битиева, С.Чапаева, иштта кхиболу артисташ.
Масех шарахь лаьттина «Колхозхойн деза де» оперетта Нохч-ГIалгIайн драмин театран репертуарехь. Спектаклехь массо хенахь а зал юьззина хьовсархой хуьлуш хилла. Мел хьежарх кIордош ца хилла царна шайн къоман дуьххьарлера оперетта.
Карахь долчу 2019-чу шеран аьхка 80 шо кхочу къоман театрехь Музаев Нурдин «Колхозан седа» пьеси тIехь режиссера Батукаев ХIарона «Колхозхойн деза де» музыкин комеди хIоттийна. Амма цунах болу дагалецамаш хIинца а бехаш бу халкъан иэсехь.
Нохчийн къоман опереттин бух биллинчу Музаев Нурдинах схьадаьлла беркат ду иза, заманан йохалла нур ца довш, вайх хьерча ницкъ кхочург.
ДАЧАЕВА Аза
№42, асаран (июнь) беттан 4 де, 2019 шо