Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь даздаран хьолехь дIадаьхьира корматаллин говзаллин «Нохчийн Республикин хьехархо-психолог – 2019» республикин VII-чу конкурсан жамIаш довзийтар.

ХIутосург (май) беттан юьххьехь кхайкхийна яра и конкурс вайн республикин Дешаран а, Iилманан а министерствон Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан дIадолорца.
Республикин дешаран хьаьрмахь къахьоьгучу психологин корматаллин хьуьнарш гучудахаран а, церан кхоллараллин агIонаш билгалъяхаран а, республикин школашкахь практикин психологин службин болх кхин а лакхарчу тIегIане баккхаран а Iалашонца дIахьош ю и конкурс хIора шарахь. Цигахь дакъалецира республикин юкъарчу дешаран учрежденийн хьехархоша-психологаша.
Конкурсан кхаа муьрехь туьйлира Соьлжа-ГIалин №39 йолчу школин хьехархо-психолог Чужигаев Iаьрби (хьалхара меттиг), Невран кIоштарчу Новр-ГIалин №1 йолчу школин хьехархо-психолог Манжосова Ирина (шолгIа меттиг), ТIехьа-Мартан №5 йолчу школин хьехархо-психолог Оздамиров Рамзан (кхоалгIа меттиг).
«Къона а, тIаьхьало йолу а хьехархо» номинацехь туьйлира ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-Юьртан №1 йолчу школин хьехархо Янарсаева Хадижат.
«Къинхьегамна а, говзаллина а тешаме хиларна» номинацехь туьйлира Грозненски кIоштарчу Iалхан-ГIалин №2 йолчу школин хьехархо-психолог Чибаева Марет.
«Лаккхара корматалла а, кхоллараллин лехам а» номинацехь туьйлира Соьлжа-ГIалин №66 йолчу школин хьехархо-психолог Даудова Рамазана.
«Шатайпа хатI а, шатайпа хьежам а» номинацехь туьйлира Устрада-ГIалин №2 йолчу школин хьехархо-психолог Керимова Хьава.
Толаме кхача даггара къахьегарна совгIат дира ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Юьртан школин хьехархо-психологна Махмудова Хьавана.
З.ХАНОВА
№42, асаран (июнь) беттан 4 де, 2019 шо