Россин денца доьзна НР-н Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу вайн мехкан уггаре а коьртачу, маьIнечу дезденойх цхьаъ долчу Россин денца!

ХIокху дезачу денца шатайпа юкъаметтиг ю Россин дукхакъаьмнийн халкъан, хIунда аьлча, хIокху дийнахь вай даздо Iаламат чIогIа хьалдолуш а, чолхе а истори йолчу вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан де.

Росси гуттар а дагахь лаьттар ю тIеман аренашкахь баьхначу бIаьрлачу толамашца а, къинхьегаман хьаьрмахь баьхначу кхиамашца а. Хийла инзаречу бохамна, пачхьалкхалла ярна герга хиларх, цуьнан даима а ницкъ кхаьчна халонаш эшо, къар ца луш яха йиса, кхин а ницкъ болуш, кхин а чIогIа хилла дIахIотта.

Росси даима а евзаш хилла шен маршо езачу халкъаца, сица, шен баьччанашца. Халачу хенахь цара шайн синош дIалуш хилла Даймехкан паргIатонан а, дозуш цахиларан а дуьхьа, мохк ларбан адамаш гIиттош хилла.

Мехкан керлачу исторехь уггаре а хала беанчу муьрехь нохчийн халкъ гIаьттира Россин цхьаалла ларъеш, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан эзарнаш бIанакъосташа а шайн дахар дIаделира вайн Даймехкан маршонехьа, иза бозуш цахилийтарехьа. Цара сийлаллица лардина Россин къилбехьара дозанаш, терроризман а, вахабизман а букъсурт кагдина. Шайн турпалаллица а, Даймахкана доза доцуш муьтIахь хиларца а цара шайн цIерш юкъаязйина вайн мехкан сийлахьчу историна. Вай а, тIаьхьа тIекхуьучу вайн тIаьхьенаша а даима а сий дийр ду вайн дог майрачу турпалхойн!

Вайн кхузаманан Даймохк – нуьцкъала, кхиъна, муьлххачу мостагIчух ша ларъян хьуьнар долу пачхьалкх ю. Иза дерриге а дуьненахь лоруш ю, цуьнца доттагIаллин, тешаме юкъаметтигаш хила лууш тайп-тайпана мехкаш бу. Вай, Россин патриоташа, сий до вайн Даймехкан, дукха а беза вайна иза, баьхна кхиамаш дебо, вайн мохк кхин а исбаьхьа, кхин а чIогIа хилийта ницкъ мел кхочург дийр а ду вай.

Хьомсара махкахой! Суна даггара лаьа шун ондда могашалла, доьзалехь беркат, ирс, дахарехь маршо хуьлийла! Дезачу денца!

№43, асаран (июнь) беттан 11 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: