Цхьайолчу кIоштийн дозанаш хийцадала тарло

Грозненски а, Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а, Шуьйтан а кӀоштийн а, Соьлжа-ГIала а, Устрада-ГIала а гIаланийн округийн а дозанаш хийцадала тарло, нагахь санна меттигерчу бахархоша иза къобалдахь.

Хила тарлучу хийцамийн хьокъехь бахархой кхеторан а, бан лерина хийцамаш царна бовзийтаран а декъехь болх дӀаболор тӀедожийна яртийн а, шахьарийн а дайшна.

Цунна лерина яра хӀутосург (май) беттан 27-чу дийнахь республикин Парламентехь, коьртехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнча, Парламентан спикер Даудов Мохьмад а волуш, дӀаяьхьна кхеташо.

Шен къамелехь Даудов Мохьмада билгалдаьккхира республикин цхьайолчу кӀоштийн административни дозанаш хийцаран а, нисдаран а Ӏалашонца кхоьллина ведомствошна юкъара белхан тоба хилар а, иза Кадыров Рамзанан дӀадолорца дӀаболийна болх хилар а.

Иштта, цо дийцарехь, бахархошна, оцу хьокъехь шайн ойла йовзийта а, хетарг алийта а, оьшуш долу хьелаш кхуллур ду.

Товбецан (сентябрь) баттахь дӀаяхьа леринчу референдумна бахархой реза хилахь, цхьайолчу кӀоштийн дозанаш хийцадала тарло.

Бан леринчу хийцамашца нийса а догӀуш, масех юрт ю кхечу кIошташка дехьа-сехьа яккха тарлуш. Иштта сацам хилла ТӀехьаМартан а, Грозненски а кӀоштийн депутатийн кхеташонашкахь.

Грозненски кӀоштара ГӀулара а, Йоккха АтагӀа а Хьалха-Мартан кӀоштана а, Шинасуьйра-Юкъ а, Гикало а Соьлжа-ГӀалина а, Чечана а, БердкӀел а, Примыкани а Устрада-ГӀалина а, ткъа Лаха-Варанда а, ЧӀишка а, Дочу-Борзе а, Яраш-Маьрда а Шуьйтан кӀоштана а «дӀаяла» ойла хилла Грозненски кIоштан депутатийн кхеташонехь.

ТӀехьа-Мартан кӀоштара Буммат Соьлжан кӀоштана юкъаяхийта сацам хилла ТIехьа-Мартан кIоштан депутатийн кхеташонехь.

Делахь а, кхузахь юха а билгалдаккха догӀу и хийцамаш бахархой реза хилахь бен бийриг цахилар.

Ткъа бахархой кIоштийн депутаташа бинчу сацамашна а, цара хIоттийначу суьртана а реза болчух тера дац. Аьлча а, билггал реза бац чечанхой – цара юьртахойн гулам а бина, оцу гуламехь юьртахойн сацам тIе а эцна: юрт Грозненски кIоштах дIакъастош елахь, Чечана, шеца цхьа а зIе йоцчу Устрада-ГIалах а ца тухуш, Соьлжа-ГIалах дIатохийта лаьа шайна аьлла.

И.ИСЛАМОВ
№43, асаран (июнь) беттан 11 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: