Доьзалехь воккха стаг хилар доккха беркат ду. Бакъду, наггахь бен вай хама-м ца бо цуьнан. Тахана хьоьгуш дагалоьцу ас ненанана а, ненада а дийна хилла хан. Цаьрца цхьаьна хIусамехь кхиънера со. Дечиган паднарана дехьа-сехьа, шина йистехь, хиъна Iара и шиъ даима. Ламазан хан хилча, йоккхастаг тIаьхьа а хIоттайой, жамаIат ламаз дора ненадас. Цул тIаьхьа цхьаьна чай молура. КхидIа йолу хан зуькар олуш йоккхура. БIешарна герга ваханчу хенахь дIакхелхира ненада. Иза дIаваьллачул тIаьхьа итт шарахь гергга ехира ненанана. Цуьнан башха амал дагара ца йолу. Эсала юьхь-сибат, кIеда куьйгаш, тийна аз сих-сиха дагадогIу… БIе шо кхочучу шарахь бакъ-дуьнене йирзира иза а. (Дала гечдойла царна).
Тахана нехан хIусаме кхаьчча, чохь воккха стаг гича кхета, иза мел доккха беркат ду. Ирсан бIаьрхишца хьоьжу хьо церан хебаршка яханчу яххьашка, дуьненан баланех дуьзначу бIаьргашка, къахьегначу куьйгашка. Хьогалло бIарзвича хих ма-хьеггара, церан башхачу къамелех, дIадаханчух лаьцна бакъдолчу дийцарех хьаьгна хуьлу. ХIора а воккхачу стагехь, йоккхачу стагехь хьайн уггаре а гергара стаг го…
Баккхий нах бовзарна комаьрша дара дIадахана шо. Дуьненчохь бIе шо сов хан яьккхина ши йоккха стаг евзира суна. Царех цхьаъ Веданан районан Тевзанара яхархо Истамулова Забри яра, цунах лаьцна оха шуна хьалха дийцинера. ШолгIаниг – ТIехьа-Мартан районан Янди-КIотарара Хациева Хьава. Юьртахь уггаре а йоккха стаг ю аьлла кхаьчнера тхо иза йолчу. Тхо дIакхаьчча хIума кхоллуш Iара Хьава. Ма гIатта аларх Iад ца Iаш, тхоьца къамел дархьама дехьа чу еара иза. ЙоI Залубан шена гIо дан йоьлча, гIеххьа реза а ца хилира йоккха стаг. «Шен гIуллакх цхьаьнгга а дойтуш дац кхо. Ур-аттал, уьйтIа-кетIа йолуш а накъост воцуш йоьду. Шена гIо дан гIоьртича реза а ца хуьлу», – дийцира йоIа.
Уггаре а чIогIа тхо цецдевлларг дара Хациева Хьаван 100 шо сов хан хилар. Жимачу дегIахь, эсала юьхь-сибат, забаре амал, каде болар долучу йоккхачу стага дуьненчохь оццул хан яьккхина хиларх теша а хала дара. Бакъду, Хьава йина шо билггал хууш дац. Паспорта тIехь иза 1900-чу шарахь йина аьлла яздина ду. ТIехьа-Мартан районан Буммат юьртахь йина а, кхиъна а ю Хациева Хьава. Ши ваша а, ши йиша а хилла цуьнан. Бераллин самукъане хан елакъежарца дагалоьцу йоккхачу стага: «Вежаршца, йижаршца ловзуш хаза хан йоккхур оха. Яккхий таронаш ца хиллехь а, цкъа а хIума ца оьшуьйтура тхуна дас-нанас. Тхайна тоъал бахам, даьхни дара, керт а яра лелош. Хазахетарца гIо дора оха дена-нанна. Дан деза гIуллакхаш вовшашна юкъахь доькъура. Ненаца цхьаьна яахIума кечъеш, чуьра гIуллакх деш самукъадолура сан».
…1944-чу шарахь дерриге а халкъаца цхьаьна махках яьккхинера Хьава. Павлодарехь дукха гергара нах кхелхира цуьнан. Циггахь кхелхира кхуьнан жима ши бер а. Кхойтта шаре дахделлера вайнахана Даймахках къастар. ХациевгIеран доьзало-м ткъа шо хан яьккхира Павлодаран областан Сталинан цIарахчу колхозехь. 1964-чу шарахь бен цIадерзар ца нисделира церан. ЦIабаьхкинчул тIаьхьа шайн хьалха хилла хIусамаш тойина баха хевшира хIорш. 1972-чу шарахь хIусамда кхелхина, ворхI доьзалхочуьнца цхьаьна йисира Хьава. Делан къинхетамца, оьзда а, дика а доьзал кхиийра цо. Нахаца кIеда-мерза хилар, воккхачун ларам бар, жимачуьнца къинхетаме хилар коьрта дара цунна даима. Изза Iамийра цо шен берашна а. Карарчу хенахь шен жимах волчу кIантаца а, цуьнан доьзалца а цхьаьна Iаш ю Хациева Хьава. 25 берийн бер а, 15 берийн берийн бер а ду цуьнан. Уьш цуьнан дахарехь уггаре а боккха бахам а, Делера совгIат а ду.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт