Россин де билгалдаккхарехь дакъалецира 30 эзар сов стага

Асаран (июнь) беттан 12-чохь билгалдоккхучу Россин коьртачу дезачу денна – Россин денна – леринчу гуламехьцхьаьнакхетарехь дакъалецира 30 эзар сов стага. Иза дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу А.Ш.Кадыровн цIарахчу майданахь. Цигахь дакъалецира политикин а, культурин а, юкъараллин а гIуллакххоша, студенташа, соьлжагIалахоша, хьешаша, туристаша.

Цхьаьнакхетарехь динчу шен къамелехь Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикера Жамалдаев Шаида дийцира Россин дийнах а, Нохчийчуьрчу хьолах а лаьцна.

– Россин де уггаре а «къоначу» дезачу денойх цхьаъ ларалуш ду. Демократин буха тIехь кхоллаелла пачхьалкхалла а, маршо а, нийсо а чIагIъярехь доккха маьIна долуш де ду асаран беттан 12-гIа де. Таханлерчу дийнахь вай иштта цхьаьнакхетийта а, вай маьрша хилийта а шайн синош дIаделларш дага а лоцу вай хIокху дийнахь. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, уьш, цхьа а шеко йоцуш, вайх тоьлларш бара. ХIара де къаьмнийн цхьаалла, барт чIагIбен де а лара мегар ду, хIунда аьлча, Россехь мел дехачу халкъийн а, къаьмнийн а векалша дакъалоцу хIара де билгалдаккхарехь а, кхунна леринчу даздаршкахь а. Ткъа халкъаш а, къаьмнаш а бертахь дахарца, церан культураш, меттанаш Iалашдарца бен яхалур йолуш яц Росси. Цундела хIара де а, «къоман хаттар» а Россин пачхьалкхаллин бух бу ала мегар ду, – билгалдаьккхира цо.

Республикин Профсоюзийн федерацин председатела Солтагереев Хьусайна дийцира Россин цхьаалла Iалашъяран некъа тIехь нохчийн халкъо беллачу мехах лаьцна.

– Росси йохоран Iалашонца чуьрчу а, арахьарчу а мостагIаша шайн болх дIаболийча, царна дуьхьало йинарш а, Россин цхьаалла Iалашйинарш а вай ду – Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, нохчийн халкъ. Вай ларйина, Iалашйина Росси. Цундела вай билгал а доккху хIара де, – элира цо.

Иштта, дезачу денна леринчу цхьаьнакхетарехь Россин Федерацин паспорташ делира 14 шераш кхаьчначу вайн къоначу махкахошна.

Концертан программица а, синкъерамца а дIадирзира цхьаьнакхетар.

И.ИСЛАМОВ
№44, асаран (июнь) беттан 14 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: