Барта маттахь йийцина истори

Даймахкал арахьа беха берриге а нохчий санна, жималлехь дуьйна саготта вара со сайн нехан истори йовза. Даима тешна а вара со сайн дайх лаьцна массо хIума сийлахь а, хаза а хиларх.

Сан нах хьехош, кIеззиг хIума яздина, жайна ду аьлла хезча, дерриге а гIуллакх Iаддитина, и жайна дешар коьрта Iалашо хуьлура сан.

Нохчийн маттахь долу жайнаш дукха кIезиг хиларна, даима сема ладоьгIура ас, цхьанхьа а ишттаниг ду олуш хезий-те бохуш.

Цхьана дийнахь цхьаьнгахь Iаьрбийн матте гочдина нохчийн жайна ду аьлла, хьаьдда вахана, деша а дешна юхалург и дохьуш веанера со.

Юьхьанца жайнин чурха (тема) хIун ю ца хаьара суна. Амма, цхьа хIонс каракхаьчча санна, тIевирззина деша волавелира со. Иза дара Айдамиров Абузара яздина «Вешин весет» цIе йолу жайна.

ХIора дешан маьIна кIорггера тидаме лоцуш дийшира ас иза. Жайна доьшуш хеталора сан дай баьхначу лаьмнийн, луьстачу хьаннийн, боьранийн хьожа сан оти чохь йогIуш санна. Элпаш, дешнаш нохчийн хазачу нускалан бIаьргех а, къежарх а тарлора. Оцу буса жайна, дешна валлалц, дIа ца хецалора соьга. Дукха ойланашка волура со цу тIера байташ йоьшуш.

«Вешин весет» чIогIа хаза яздина жайна ду. Бакъдолу хаарш ду цу тIехь дерш. Оцу хаарийн тоьшалла дира кхузткъе иттех шаре ваьллачу сан ненахойх цхьана гергарчу стага Махьмуда. Цо дийцира соьга шена баккхийчара дуьйцуш хезна бохуш, шен наха мел халонаш лайна хIижрате арабевлча.

Цо дийцинарш, А.Айдамировс шен «Вешин весет» жайни тIехь яз ма-дарра, нийса дара. Махьмуде ладоьгIуш, и жайна доьшуш санна хетара. Цунах хиира суна Абузара, мел лерина, нийса яздина хилла вайн историх дерг. Амма халахетарг кхин дара. Оццул дукха дийцарш девзаш вайн дуккха а баккхий нах хилча, цхьана А.Айдамировс бен хIунда ца яздина вайн историх?

Махьмуд дIавахча, дукха Iийра со вайна тIебаьхкинчу бохамийн ойла еш. Доккха хаттар хIутту кхузахь. Оццул баланашкахь а, зуламашкахь а вайнаха Iазап хьегна хилча, царах масал оьцуш, уьш юх-юха ца хилийта хIунда ца хьовсу вай? Вай массо а хьовса дезара тIекхуьуш йолчу вайн тIаьхьенийн кхетам совбаккха а, машаре баха Iамо а.

Яздинарг – САФВАН Мохьмад-Хьажа (Шема)
Гочдинарг – БАКИР Iабдул-Хьамийд (Урдун)

№44, асаран (июнь) беттан 14 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: