Ялх шо хьалха дешаран гIуллакхна Москва яхар бIаьргашна операци яйта цигга воьдучу дедеца цхьаьна нисделлера сан. ЦIерпоштан купе чоьхьа а яьлла, тхойшиннан (сан а, деден а) билеташ хаьттинчу проводницас хаттар дира, соьца верг сан да вуй аьлла (хIетахь деда купе чохь вацара).

«Вац, деда ву», – аьлла, ас жоп делча, ехха цецйийлира иза: «Ма ша АллахI, ма хаза а ву, ирс яI иштта деда волчун».
И дешнаш дуьххьара я тIаьххьара хезаш дацара суна дедеца цхьаьна со нисъеллачохь.
Жимачохь дуьйна суна дагадогIуш долу цуьнан амат кхин хийца а ца деллера, схьахетарехь. ГIеххьа яьлла кIайн маж, сирачу басахь ветанаш долу коч а, хазачу оганца кечйина дечиган Iаса а – цхьанхьа мовлад дешначуьра я сагIа даьккхинчуьра цIавогIу деда мел генара а вевзара тхуна, цуьнан берийн берашна.
Хазахетарца тхо дуьхьалхьаьдча, кисанара хьалайохий, кемпеташ лора цо. Хетарехь, уьш цуьнгахь даима а хуьлура тхуна дIаехкина…
Лакхара могIанаш ас яздечу хенахь дийна а, могаш-маьрша а вара сан деда Мусан Хайруллин Ваха. ХIун дара а ца хаьа, иза кхин а дуккха а ваха везаш санна хетара. Иза цхьаъ бен висна а-м вацара сан: денана сан 5 шо долуш дIакхелхира, ненада дIаволуш а 8 шо бен дацара, 18 шо кхаьчнера ненаненах тIаьххьара марзо оьцуш. Висинарг цхьа деда вара. Иза сан, тхан хилла ца Iара – дийнна юьртан вара.
Лаьмнийн когашкахь Iуьллучу тхан жимачу Янди-КIотаран верас хилла лаьттира иза, дика-вон дIадерзо дезачохь, маслаIат дечохь наха хьалха а воккхуш. Тхуна эшна а ца Iаш, нахана а оьшура иза…
Цхьа шо хьалха, мархийн баттахь, тхаьшшимма деха дина къамел диктофонна тIе дIа а яздина, иза зорбане а даьккхина, цунна гайта Iалашо йолуш лелла, айса долийнарг чекхдаккха а ца ларий со… Дагахь а доцуш дIавахара тхан воккхастаг. Дагахь а доцуш, дагахьбаллам а буьтуш…
90 шаре вирзина воллушехь, хан-заманна, дуьненан баланашна къар ца луш, дика лелаш вара иза, дика иэс а, бIаьрса а дара цуьнан.
Жимачохь дешна хиларе терра, шерра деша а, яздан а хаьара, оьрсийн мотт а цIена буьйцура, Iаьрбийн йоза деша а хаьара, нохчийн мотт-м муххале а говза буьйцура цо.
Дахарехь дукха хIума гина а, дукха къахьегна а вара воккхастаг. Вина хан билггал хууш яцахь а (паспорта тIехь яздина 1931-гIа шо дара, вайнах дIабохочу хенахь шен 12 шо дара олура цо), деден 90 шо гергга хилла хилар гойту 1933-чу шарахь вайн махка украинцаш бахкар цунна шерра дагадаро.
Цо дийцарехь, гIеххьачул мотт Iемина бер хиллера иза хIетахь. Данана а, йоккхахйолу йиша а кертахь охуш, асар деш хилла. Гонаха уьдуш, ловзуш лела хIара «дIавало, чохь хIун ду хьажа» аьлла, чу ваийтина. ХIетахь догIанаш тухуш Iедал ца хилла нохчийн, вайна ма-хаъара. Чоь юьззина Iаш украинцаш хилла, чохь ерг, шайна схьа а эцна, юуш…
1938-чу шарахь ша школе вахар а дагадогIура дедена. Цул хьалха, 1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 27-чу дийнахь лаьцна, шен да дIавигар а. Да а, деваша а – верриге 7 стаг хилла тхан дай баьхначу Янди-КIотарара цу дийнахь дIалаьцнарг.
«Да чIогIа комаьрша а, къинхетаме а вара. Сан ненавешина кIант вина аьлла, кхаъ баьккхича, цига бахьа уьстагI ца карош, кхаа юьртах чекхвелира тхан да, эххар а уьстагIан метта кхаа шарахь Iахаряхана газа ю аьлла, иза а эцна, тхан нана юьгуш Буммата вахара иза. Цигара цIавеача «цара жижиг дуур ду» элира дас.

ТIаккха, тхуна а иза дагадогIур дуй хууш, вахана жижиг а эцна, сан йоккхахйолу йиша Тамара улле а хаийна, ша цунна накъосталла а деш, ахьаран галнаш йира. Цу буса и жижиг-галнаш диина тхо дIадийшира. ДIадийшинчул тIаьхьа, тхуна хууш хIумма а доцуш, да дIавигнера. Тхан девашас, ворданахь тIаьхьа а вахана, нана цIа ялийра. Колхозан председателан Вацаевн цIенош чохь бара лецна дIабигнарш. Иза суна баккхийчара хьахош хезнера. Со цига тIаьхьа а вахана, чухьаьжча, уче яьсса яра. Чу а вахана, учахула дIасалелаш вара со да гархьама. Лаьцначарна юкъахь хиллачу тхан лулахочо «витийша и кIант, стенна чехаво аш» а олуш, милицино со, аравала аьлла, човхийра… ХIетахь ерриге Россехь а дIадаьхьира нах дIабигаран и гIуллакх: ерригсоюзан перепись йина, дика-диканиг дIавигира…», – дагалоьцура дедас.
Деден деваша колхозан лакхара хехо хиллера, аренашкахь болчу хехошна тIехьожуш. Иза аренгахь хиллера юьртарнаш дIалоцуш. Цигара чу вогIуш, ваша а, юьртара кхин масех стаг а дIавигна, чу ма вола аьлла, шена тIе къамел дахьийтича, «Хайрул дIавигна? Хайрул дIавигнехь со Iийр вац, сан кхузахь дан хIума а дац», – аьлла, чу а веана, ша тIеваханера иза Iедална. Царах Къуддус цIе йолу цхьа юьртахо бен цIа ца веана (вайнах махках бахале шикхо де хьалха).
Коми АССР-е дIабигна, цигахь эрна арахь дIахецна хилла уьш, цхьацца белхаш бойтуш, тIе ха хIотто а ца оьшуш. Ткъа тхан деден да Хайрул а, цуьнан ваша а Соьлжа-ГIалахь вийнера. Шайна тIеяздинчунна куьйгаш яздина хилла кхечара, кхаьршимма ца яздина, шайца болчара дехарш дича а. Шаьш цадинарг тIелаца реза ца хилла и шиъ, тIаккха ара а ваьккхина, тIе тоьпаш йиттина вийна.
Кхано тIаьхьа тхан деда леллера и гIуллакх толлуш. КГБ а вахана, шен ден а, девешин а гIуллакх схьалехнера цо.
«Царский соратник. От подписи отказался, виновным себя не признает, расписывается переводчик» аьлла, яздина хиллера цу тIехь (гIуллакх теллича гучудаьлла).
Иштта, оцу чохь 1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 27-чу дийнахьлера валаран тоьшалла а хилла. Уьш дIабуьгучу хенахь деда школе вахана я воьду хан йолуш вацара.
Доьзалехь воккхахверг Мухьмад 18 шо кхаьчна а волуш (1919-чу шарера), байлахь висина уьш ялх доьзалхо кхиийнера церан нанас: кхо кIанттий, кхо йоIIий.
ШолгIа кIант Iела Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIаме вахара, шен 17 шо ма-кхаьчча, цхьа шо хан тIе а тохийтина. Цигахь кхалхар а нисделира цуьнан. Бисина доьзал 1944-чу шарахь вайн халкъ махках доккхуш Казахстане дIабохийра.
Махках дохуш 12 шо хилла волу сан деда хийрачу махкахь кхиа а, дуьненан къаьхьалла йовза а кхиира. Цигахь нана а, цхьа йиша а кхелхира цуьнан. Иштта, цигахь ялийна цхьа зуда а елира. Цул тIаьхьа юха а зуда ялийна, доьзал болийра цо. Казахстанехь а, цигара цIадаьхкинчул тIаьхьа а дедас ялийнарг ерриге а 6 зуда яра. Царех пхоьалгIа хиллачу сан денанас пхи кIант а винера, кхечара вина кхин виъ доьзалхо а кхиийнера.
Тахана оцу исс доьзалхочух (бархI кIант, цхьа йоI) висина кхо кIант бен вац. Амма, тIехIиттинчу бохамашна дуьхьал Дала боккхачу бахамца совгIат а динера воккхастагна: цуьнан тIаьхьенах схьадаьлла 17 берийн бер а, берийн берийн 29 бер а ду, ур-атталла, берийн берийн берийн бер ган а ларийна иза ша дийна волуш. Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа аренашкахь тайптайпана белхаш бинера дедас (1957–1972-чуй шерашкахь).
Цул тIаьхьа культурин декъехь къахьегна ву иза. Тахана Янди-КIотарара маьждиг лаьттачохь мацах клуб яра. Оцу клубан директор хилла вара деда.
1975-чу шарахь оцу клубан гIишлонна ша дуьххьара тIулг буьллуш «бисмиЛлахIиррохьманиррохьийм, Дала мукъ лахь, цкъа маьждиг хир ма ду кхунах» аьлла хиллера цо, хIетахь шена уллехь хиллачара «ахь хIун дуьйцу, вай хIаллакдайта воллу хьо» а олуш.
Пхийтта шарахь цигахь болх бира цо, дика болх барна Сийлаллин грамоташ а йохуш, НГIАССР-н культурин хьакъволчу белхахочун дарже кхаччалц. Ерриге а республикехь гIараяьлла хиллера цуьнан коллектив. Ткъа 1990-чу шарахь, шен дуьххьара нийят ма-хиллара, оьшуш мел долу кехаташ вовшах а тоьхна, ницкъ мел кхочург а дина, оцу клубах маьждиг дан бакъо яьккхира воккхастага.
ХIетахь дуьйна, 30 шарахь гергга, оцу маьждига чохь ламазна кхойкхуш вара иза, цу чохь йоккхура цо шен дукхахйолу хан а: Къуръан доьшуш, ламазаш деш. Иза ламазана кхайкхале хьалха цо азчIагIдийрига чу йовхар тохарца хаалора тхуна, цуьнан берийн берашна, ламазан хан гергакхачар. ТIаккха «папа ву кхойкхуш» олий, кхаъ боккхура вовшашка хIоразза а.
Далла дуьхьал верззалц ца битира цо шен дахарехь ша уггаре а дукха бина некъ: маьждиге дIасалелар (нийсса деден цIенна дуьхьал ду тхан юьртара маьждиг). Иза цунна эхартахь карийна а хир ду-кх, Дала мукъ лахь!
ЧIогIа халахета суна, тIаьхьарчу хенан сихалле хьаьжна, наггахь бен иза гар нислуш хилла цахилар. Бераллехь санна, дай баьхначу юьртахь, баккхийчу нахана уллехь Iойла цахиларх кхетара тхо (берийн бераш) дерриге а.
Делахь а, иза чIогIа сатесна хуьлура тхо ша волчохь гулделла ган а, хаза а, оха шех эца езаш йолу марзо тхох эца а.
Бакъду, тхо кхета-м ца кхетара цунах, иза воцуш тхаьш диссалц. Иза Iийна хIусам а, цуьнца цхьаьна дай баьхна юрт а яссаяллалц кхета а ца кхийтира… Ткъа хIинца тIаьхьа ду, байтамал… Байтамал-яI!…
А.МУСАЕВА
№39, хIутосург (май) беттан 24 де, 2019 шо
Дала гечдойла цунна. Дала яьлсмани лойла цунна. Дера бара уьш ийманехь бехаш къонахой. Мел дукха халонаш тӏеӏиттаелча а, шайн доьналлех ца бухуш хӏара юьхькӏоме истори йитина цара вайна. Дала, церан сийлахь яхна хенах масал оьцуш, нийсачу новкъа нисдойла вай.