Россин кегийрхойн денна лерина цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Соьлжа-ГӀаларчу Кегийрхойн цӀийнехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Куьйгаговзаллин искусствон а, технологин а, дешаран а, спортан а, туризман а дакъошкахь болх беш йолчу нохчийн кегийрхойн организацеша шайн организацийн кхиамаш а, керла проекташ а йовзуьйтуш, гайтам вовшахтоьхнера Кегийрхойн цIенна хьалха.
Кадыров Рамзан хIора а организацин жигархочуьнга леррина ла а дугӀуш, церан гайтаме хьаьжира. Цул тIаьхьа, Кегийрхойн цIийнан актови зала чохь нохчийн кегийрхошца цхьаьнакхийтира республикин Куьйгалхо.
Цхьаьнакхетар дIадолош, республикин Кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Ӏийсас билгалдаьккхира нохчийн кегийрхой Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхиамийн некъа тӀехь хилар.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2000- чу шеран эсаран (октябрь) беттан 3-чу дийнахь №195 йолчу Указана куьг яздина кхоьллина Нохчийн Республикин кегийрхойн политикехула йолу пачхьалкхан комитет, цул тIахьа, 2012-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство аьлла, цIе хийцира цуьнан. Делахь а, Iалашо хьалхалерра ю – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь хьанал къахьегар, – элира Ибрагимов Iийсас.
– Тахана, хIокху министерствехь социальни, политикин дакъошкахь къахьегаро а, республикин а, Россин а фестивалашкахь, конкурсашкахь дакъалацаро а, дуккха а зеделларг а долуш, кхана республикин учрежденешкахь болх муха бан беза Iамадо шу. Шух, кегийрхойх, тешна ю республикин кхане, – элира Кадыров Рамзана.
Нохчийн кегийрхой нийсачу новкъахь кхетош-кхиош хьанал къахьегарна, Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин коьрта совгӀат «Кадыровн орден» елира Кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министрана Ибрагимов Iийсана.
Цхьаьнакхетар дерзийначул тӀаьхьа, Кегийрхойн цIийнан спортан майданахь велоспортана а, фут-дартсана а, стоьлан теннисана а лерина йинчу майданашкахь хилира Р.Кадыров.
Street Workout спортехь шайн хаарш гайтира кегийрхоша.
Нохчийн кегийрхоша дIахьочу политикина реза хилира Кадыров Рамзан.
ВЕГИЕВА Макка
№49, мангалан (июль) беттан 2 де, 2019 шо