ХIокху деношкахь даздаран хьолехь схьайиллира Соьлжа-ГIалин йовхонан электростанцин шолгIа энергоблок. Дагадоуьйту, 180 Мегаватт нуьцкъалла йолу оцу электростанцин хьалхара энергоблок болх бан йолаелира дIадаханчу шеран гIуран (декабрь) баттахь. ШолгIа энергоблок схьаелларца 350 Мегаватт нуьцкъалла ю ТЭС-н.

Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Таймасханов ГIалас, «Газпромэнергохолдинг» ООО-н коьрта директор Федоров Денис, «ГЭХ Инжиниринг» ООО-н коьрта директор Долин Юрий, «ТЭК Мосэнерго» ОАО-н коьрта директор Рябов Дмитрий, кхиберш.
Иштта, кхузара Санкт-Петербургехь дIахьош хиллачу акционерийн шеран юкъарчу гуламе телемост йира «Газпром» ПАО-н правленин председатела Миллер Алексейс дакъа а лоцуш.
А.Миллера Нохчийн Республикин бахархой декъалбира маьIне йолу энергетикин проект кхочушъяр чекхдаккхарца.
Кадыров Рамзана дийцарехь, ПАО «Газпром»-н проект регионна доккха маьIна долуш ю.
– Йовхонан электростанци болх бан йолаяларца Нохчийн Республикин экономика кхио яккхий таронаш гучуевлла. ПАО «Газпром»-н Iалашо ю Россин а, цуьнан регионийн а экономика кхиор. Соьлжа-ГIалин ТЭС республикин уггаре хьалхара маьIне объект ю, Россин цхьааллин энергетикин системина юкъаяхийтина иза. Станци яро экономика кхиор керлачу тIегIане доккхур ду, керла белхан меттигаш кхолла аьтто а бийр бу. Нохчийн Республикехь а, Россин ерриге къилбехь а энергетикин кхерамазалла чIагIйийр ю цо, – элира цо.
«Газпромэнергохолдинг» ООО-н коьртачу директора Давыдов Дениса билгалдаьккхира кхузахь схьайиллина шолгIа турбина дуьненахь а уггаре тоьлла хилар, ша саннарг Россин Федерацехь а йоцуш.
Иштта, кхузахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дира «Газпромэнергохолдинг» ООО-н коьртачу директорна Федоров Денисана а, «ГЭХ Инжиниринг» ООО-н коьртачу директорна Долин Юрийна а, «ТЭК Мосэнерго» ОАО-н коьртачу директорна Рябов Дмитрийна а.
«Къинхьегамехь хьуьнар гайтарна» сийлаллин билгалонаш елира «ГЭХ Инжиниринг» ООО-н коьртачу директоран заместительна Шакиров Маратана а, «Газпромэнергохолдинг» ООО-н коьртачу директоран заместительна Земляной Евгенийна а.
I.МУРТАЗОВ
№49, мангалан (июль) беттан 2 де, 2019 шо