Нохчийн Республикин къинхьегаман, болх нисбаран, социальни кхиоран министерствон а, цуьнан структурина юкъайогIучу органийн а Iалашонаш, мухха делахь а, регионан хIора вахархочух хьакхалуш ю. Цу юкъахь ю демографи, къинхьегамах мах балар, пенси, социальни кхачояр. Царах хIора а дакъа мехала ду, цхьаъ вукхул мехала ду алар нийса а хир доцуш.

Нохчийчоьнан къинхьегаман министерствос (авт.: яцйина цIе) бечу балхах лаьцна тхуна дийцира оцу ведомствон куьйгалхочо Баширов Iусмана.
– Шун министерствос кхочушдеш дуккха а хьашташ, гIуллакхаш ду. Таханлерчу дийнахь царах коьрта лара мегар дерш муьлхарнаш ду?
– Баккхийчу нахана а, заьIапхошна а социальни гIо-накъосталла дар Нохчийн Республикехь кхочушъечу пачхьалкхан социальни политикин коьртачу некъех цхьаъ бу.
Дахаран халачу хьелашкахь болчу доьзалшца а, баккхийчу нахаца а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашца а, заьIапхошца а, тайп-тайпанчу тобанийн заьIапхошца а болх барехь къаьсттина меттиг дIалоцу социальни хьашташ кхочушдарна кхачояран организацеша.
Министерствона юкъайогIуш ю бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран 18 комплексан туш а, баккхийчу нахана а, заьIапхошна а лерина стационаран 2 учреждени а.
Баккхийчу нехан а, заьIапхойн а, халачу хьелашкахь Iачу кхиболчу бахархойн а дахаран хьелаш тодарна тIехьажийна цхьамогIа гIуллакхаш (цу юкъахь ду социальни хьашташ кхочушдар а, тайп-тайпана программаш дIаяхьар а) кхочушдан аьтто болу къинхьегаман министерствос а, Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкахь йолчу лакхахь билгалъяьхначу социальни организацеша а къахьегар бахьанехь. Иштта, таханлерчу дийнахь, хIусамашца кхачойина 2 649 ветеранна.
– Iусман, вайна ма-хаъара, Малхбузено Россина дуьхьал санкцеш юкъаялийна. Цуьнца доьзначу хьелашкахь пачхьалкхера муьлхачу гIоне сатуьйсийла ду вайн бахархойн?
– Дахаран халачу хьелашкахь болчу доьзалшна а, берашна а, цхьаболчу бахархошна а социальни а, материальни а хьал тодарехьа, гIо даран Iалашонца, министерствехь болх беш доьзалшна а, берашна а социальни гIо даран 5 туш ю: Грозненски, Курчалойн, Шелковски, Шуьйтан, Гуьмсан. Кхузахь кхачо йо Iер-дахаран хьашташ кхочушдарна, медицинин гIоьнца, психологан гIо-накъосталлица, хьехаран, къинхьегаман, бакъонан хьашташ кхочушдарна.
ХIора шарахь, билгалъяьхначу организацешкахь гIо оьшуш болчу бахархойн 30 эзар сиха хьашт кхочушдо, 500 бер социальни меттахIотторах (реабилитаци) чекхдолу.
Нохчийн Республикин къинхьегаман, болх нисбаран, социальни кхиоран министерствос социальни гIо-накъосталла дарехь къаьсттина терго йо тIеман гIуллакххойн а, кхочушдаран Iедалан бакъонашларъяран органийн белхахойн а доьзалийн, хIунда аьлча, и нах Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а тергонехь бу гуттар а. Иштта, къинхьегаман министерствос хIора шарахь кхочушдо напха латтош верг (да) кхелхина бисина тIеман гIуллакххойн доьзалш чохь Iачу цIеношна ремонт яран гIуллакхаш.
– Бераш долчу доьзалан дахар беркате хилийтархьама маьIне ду да-нана балхахь хилар. Къинхьегаман рынкехь хьал муха ду?
– Нохчийн Республикин къинхьегаман рынкехь долу хьал тIаьхьарчу шерашкахь белхазчу бахархойн барам цхьанаэшшара лахбаларца билгалдаьлла ду. Иштта, Нохчийн Республикехь болх бечу бахархойн барам 2018-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь динчу хьесапца 10,2 эзар стагана алсамбаьлла, цу кеппара болх бийриг 544,3 эзар стаг а хуьлуш.
Бахархошна болх нисбаран туьшахь дIаязбинчу нехан барам 6 262 стагана лахбелла (оцу шеран юьххьехь хиллачуьнга хьаьжча). Регистраци йинчу белхазаллин барам уггар лахарчу тIегIане охьабалийна – 8 проценте.
20 586 стагана болх карийна, царех бахархошна болх нисбаран туьшийн гIоьнца болх карийнарг 12 408 ву. Оццу туьшаша дIахьажорца, балха хIоьттина 1 839 заьIапхо.
Жигарчу политикин гIуллакхаш кхочушдаран гурашкахь юкъараллин а, ханна болчу а белхашка хьажийна 8 178 стаг.
Корматаллин Iаморах чекхваьлла 490 белхазхо.
– ЗаьIапхойн а, баккхийчу нехан а материальни халонаш йоцурш а, дуккха а проблемаш хуьлу. Уьш дIаяхарехь хIун гIо до социальни службаша?
– Къинхьегаман министерствон социальни службашна юкъахь къаьсттина меттиг дIалоцу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексан туьшаша.
Социальни гIо-накъосталлина юкъадогIу хьашташ цIахь кхочушдар социальни гIоьнан уггаре а гIоле кеп ю. Иза нахана уггаре а тамехь ерг а, оьшург а ю, хIунда аьлча, баккхийчу нахана а, заьIапхошна а бегIийла ду оьшуш долу гIо шайн цIахь, шайна аьхна долчу (шаьш Iеминчу) хьелашкахь дар.
2019-гIа шо доладелчахьана бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексан туьшаша 26 427 стеган хьашташ кхочушдина.
Баккхийчу нахана а, заьIапхошна а леринчу социальни хьашташ кхочушдаран стационаран организацешна юкъахь билгалъяккха йогIу Невран кIоштарчу Алпатово юьртахь йолу социальни-могашаллатояран туш.
Оцу организацехь хIора шарахь социальнимогашаллатояран а, профилактикин а гIуллакхийн курсах чекхволу 800 гергга стаг. И бахьанехь баккхийчу нехан а, заьIапхойн а могашалла чIагIйина, дегIан гIора а, жигаралла а лакхаяьлла ца Iаш, синIаткъаман хьал а толо.
Социальни а, могашаллатояран а хьашташ кхочушдеш йолчу оцу туьшахь 6 батте кхаччалц йолчу ханна Iан (хьашташ кхочушдайта) йиш ю.
Могашаллатояран, дарбанан-профилактикин, унахцIеналлин, культурин гIуллакхаш кхочушдеш, туьшахь ю, процедурийн а, массажан а кабинеташ, Iер-дахаран (бытови) а, душ йолу а чоьнаш, садаIаран (мокъа хан яккхаран) чоь, дарбанан физкультурин зал, библиотека, и.дI.кх.а.
Иштта, дегIан а, хьекъалан а кхиарехь кхачамбацарш долчу берашна гIо даран Iалашонца а, заьIап бераш долчу доьзалшна социальни гIо-накъосталла дархьама а министерствон системехь болх беш ю могашалла ледара йолчу берашна лерина реабилитацин 4 туш.
Дика материальни бух а, кхузаманан технологешца болх беш зеделларг долу говзанчаш а хилар бахьанехь массо а кепара цамгарш йолу бераш реабилитаци ян тIелаца йиш ю туьшахь: ДЦП, гIорторан-леларан аппаратан цамгарш, психикин а, къамелан а кхиар тIаьхьадисар, ортопедин патологи, лазорийн а, операцийн а тIаьхьалонаш, иштта, коьрта нервийн система кхиаран вешшехь хилла патологеш.
Реабилитацин курсах чекхдевллачул тIаьхьа, лакхахь билгалъяьхна цамгарш йолчу заьIап берийн 60–70 процент меттигашкахь леларан таронаш а, координаци а, къамел дар а, къурдаш дар а тоделла хаало, дегIан а, юьхьан а дилханашкахь гипертонус лахъялар а, синкхетаман-доьналлин декъехь гIоле хилар а къаьсташ хуьлу.
– Доьзалехь бер дуьненчу даларо цхьана а кепара тIеIаткъам бой балхахь доцчу дений-нанний болх нисбар сихдарна?
– Доьзалехь бер дуьнен чу далар бахьанехь балхахь доцчу дена-нанна болх нисбар сихдарехула Нохчийн Республикин къинхьегаман, болх нисбаран, социальни кхиоран министерствос билгалдаьхна гIуллакхаш дац.
– Дуьненахь зеделла ду хинболчу наношна совгIатана хIинцца динчу берашна лерина хIуманаш ялар. Ишттаниг вайн республикехь лелаш дуй?
– 2017-чу шеран хIутосург (май) баттахь Россин Президента, Ерригроссин халкъан фронтан баьччас Путин Владимира Бераллин итт шо дIакхайкхийна.
2018-чу шеран мангалан (июль) баттахь Министрийн федеральни кабинето чIагIдина герггарчу шина шарахь дан лерина коьрта гIуллакхаш. «ХIинцца динчу берана – совгIат» акци правительствон плана юкъаяхана ю 9-чу пунктаца.
2018-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнахь регионашна юкъахь дуьххьара «ХIинцца динчу берана – совгIат» федеральни акци дIаяхьар тIелаьцна Нохчийн Республико.
Интервью дIаяьхьнарг – М.Магомадова, гочйинарг – А.ГИРИХАНОВА
№49, мангалан (июль) беттан 2 де, 2019 шо