Догмайра Таймасха

gkDgrr-hzJA

Нохчийн ширачу дийцаршкахь дуьйцуш цхьа хӀума ду, цуьнга ладугӀуш верг я цунах лаьцна доьшуш верг, ойла йича, цуьнан маьӀнах воккха а вийр волуш. Исбаьхьа ламаст хилла иза. Хьалхалерчу заманашкахь махкана тӀе бӀо а летта, тӀамна кечделла ши эскар дуьхь-дуьхьал лаьттачу хенахь, нохчийн бӀаьхошна юккъера кӀайчу динахь схьайолуш хилла уггаре а хаза йоӀ. МостагӀ волчу агӀор секхаӀодаца чӀу кхуссуш хилла цо. ТӀаккха вайн тӀемалой мостагӀашна тӀелеташ хилла. Тайп-тайпанчу агӀор тидалур долуш ламаст ду иза: цкъа-делахь, цо гойту мостагӀна дуьхьал хӀотта массо а, ур-аттал мехкарий а тӀехь, кийча хилар, шолгӀа-делахь, йоӀа нохчийн тӀемалой йохье бохуш, ира-карахӀиттош хила. Дукха хьолахь ишттачу мехкарша шаьш а тӀамехь дакъалоцуш хилла. Уьш тIеман гӀуллакх девзаш а, кегий болуш дуьйна а цунна Ӏамийна а хилла, цундела мостагӀашца бечу тӀамехь шайн дайшна а, вежаршна а накъостий а хуьлий,  леташ хилла.

Халкъан иэсехь цӀерашца бийца бисина дукха бац уьш  – масех бен. Амма вайна хаьа уьш дуккха а хиллий, иттаннашкахь, бӀеннашкахь – вайн сийлахь, оьзда, яхь йолу мехкарий!

Шен халкъан сий айъинчарах цхьаъ ю Гиххойн Таймасха. Иза ХIХ-чу бӀешарахь Нохчийчохь паччахьан эскаршна дуьхьал бинчу тӀамехь дакъалаьцна ю. Шен майраллица, хьуьнарца билгалъяьлла йолу йоӀ тӀеман тобанна тӀехь куьйгалла деш хилла. Итт шарахь сов тӀом бина цо, уггаре а халачу а, кхерамечу а меттигашкахь хьалха а йолуш. БӀонакъосташа чӀогӀа лоруш а, ларъеш а хилла иза, йоӀ ю аьлла доцуш, доьналла а, къонахалла а йолуш иза хиларна.

1842-чу шеран апрель баттахь ГӀалгӀайн махкара Яндаре  юьртана юххехь оьрсийн эскаршца хиллачу тӀамехь Таймасхас шен накъосташца буьрса дуьхьало йина мостагӀашна. Нохчий кӀезиг хилла, кхаьргара хӀоъ-молха а кхачийна, амма хӀорш доьналлех ца боьхна. Къонахий -, цхьана меттера вукху метте хьодуш, суй санна лелара дог майра Таймасха:

– ХӀай-хӀай, кӀентий, яхь дӀа ма лолаш! Цкъа бен дина а дац, цкъа бен лийр а дац! ХӀокху копаршна хьалха охьатаьӀар дац вай! Тоха! Тоха!

Нохчийн кӀентех дукхахболчарна тӀаьххьара тӀом бара иза, мостагӀех дера леташ, турпалхой санна ийгира уьш. Чуччадахана, тарраш а, шаьлтанаш а етташ летачу хенахь, масех чов а хилла, лазийна, кхетамчуьра яьлла йолу Таймасха йийсаре йигира. Цуьнан дегӀа тӀехь дийна меттиг яцара: коьртах тур кхеттера, настарех цхьамзанаш а Ӏиттинера, дӀаьндаргаш еттаеллера.

Вайн деношка кхаччалц дисинчу архивни документаш тӀехь юьйцуш ю Таймасха. Царна тӀехь цуьнан цӀе «Малова Таймасха» я «Молова» аьлла ю. Иштта оьрсаша дӀаязйина хилла цунах лаьцна шаьш хӀиттийначу документаш  тӀехь.

ТӀеман цхьана журнала тӀехь нохчийн майрачу йоӀах-тӀемалочух оьрсийн паччахьо Николай Хьалхарчо а дешна хилла. Цо омра дина, и йоӀ шена тӀеялае аьлла. ЙоӀана тӀехь тӀеман барзакъ хилийтар а тӀедиллина  паччахьа шен ялхошна. Цуьнан омра кхочушдеш, йийсархо 1842-чу шеран июль баттахь Петербурге ялийна. Паччахь цецваларца хьоьжуш хилла нохчийн йоӀе, цуьнан цӀеначу сибатах а, майрра хьоьжучу шина бӀаьргах а, дегӀан куьцах а, хазаллех а  тамаша беш.

Николай Хьалхарчо хаьттина Таймасхе: «Нагахь ас хьо дӀахецахь, тӀом сацор буй ахь?» Майрра паччахьна юьхь-дуьхьал хьаьжна, йоӀа жоп делла: «ТӀом беш верг хьо ву. Ахь бола а бина иза. Нагахь ахь иза сацабахь, ас дуьхьало яр а сацор ду». Шен хазаллина тӀе йоӀ хьекъал долуш хилар а гина, паччахьа Нохчийчу дӀахьажийна иза.

Паччахьан зудчо совгӀат дина Таймасхина. Иза дезачу тӀулгашца кечйина, коча уллу дашо зӀе хилла. ЙоӀ Нохчийчу дӀайигна. Инарла-адъютантана А.И. Нейдгардана тӀедиллинера, шена бегӀийла хеттачохь йийсархо яха охьа а хаае, цунна тӀехь хаддаза терго а латтае аьлла. Цу хьокъехь шега хаьттича, Кавказан зилан Аьрру фланган хьаькам волчу инарлас Р.К.Фрейтага хаам бира, Малова Таймасха Йоккхачу Нохчийчуьра схьаяьлла ю, цигахь цуьнан да а, вежарий а бу бехаш аьлла. Шена хетарехь, иза Грозный- гӀопехь охьахаийча бегӀийла хир дара, амма «… Едда Нохчийчу дIаяхарх  цхьана а ницкъе сацалур яц иза», – тӀетуьйхира инарлас. Цундела, бохура Р.К.Фрейтага, Малова шен цӀа дӀаяхийтар гӀолехь хир дара: «Императоран цӀийнах цо шен нахана юкъахь дуьйцург дуккха а пайден хир дара, шена набахти хетачу Грозный-гӀопехь иза латточул».

Амма А.И. Нейдгардана къона йийсархо дӀахецар нийса ца хийтира, цо йоӀ Грозный-гӀопехь сацийра. Цигахь хала хан яьккхира Таймасхас, таро йоцуш, дуучуьнца-молучуьнца гӀело хьоьгуш. Цо дехар дора, шена паччахьан зудчо деллачу совгӀатна дуьхьал цуьнан мах схьабеха ша паччахьна тӀейигахьара, иза хьанна а дохка ца лаьара шена бохуш. Цу заманахь паччахьа луш долу совгӀаташ шина тайпана дара: цхьалханаш а, паччахьан «Сийлахь цӀе» тӀехь йолу, йоза дерш а. Цхьалхачарах ахча лора, ткъа паччахьан цӀе тӀехь ерш, лаккхара мехалалла а йолуш, 5-чу классан даржана тӀекхаччалц болчарна бен луш дацара.

Эххар а йоӀан дехар паччахье дӀакхечира. Цо шен Лаккхара омра дира, дашо зӀе йийсархочуьнгахь йита, цунна оьшучунна 200 дато сом а ло аьлла.

Шех ала хаза дош а дуьтуш, йохьах а, доьналлех а, оьздангаллех а ца юхуш, дӀаяхана нохчийн сийлахь йоӀ  – Гиххойн Таймасха. Оцу цӀарца нохчийн истори юкъаяхана иза, цуьнца йовза а, гӀараяла а доьгӀна а хилла цунна. Вайна цхьа кӀеззиг бен ца хаьа цуьнан дахарх лаьцна, иза оьрсийн тептарш-архиваш вайн деношка кхачар бахьана долуш нисделла. Делахь а кӀеззиг дерг а тоьар ду турпалхочун дахар дуьззина гайта, цхьана масало а гойту иза муха стаг хилла, цуьнгахь мел хьуьнар хилла. Иттаннаш, бӀеннаш шерашкахь юьсуш ерг турпалхочун цӀе ю. Цо дозалла дойту тӀаьхаьбогӀучаьрга, шайн къомана юкъара оццул яхь йолуш къонаха валарна. Кегийчарна цунах тера хила а, цунах масал эца а лаьа.

Ткъа къонахчун амал зудчуьнгахь хилча, иза къаьсттина деза а, сийлахь а ду. Гиххойн Таймасха хилла къонахчун амал йолуш, шен халкъан а, мехкан а дуьхьа шен дахар дӀадала кийча.

 

Арсанукаев Муса

Авторан сурт

Суьрта т1ехь: Гиххойн Таймасха  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: