Дешар кхиоран институтах Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт йина

Нохчийн мотт кхиорехь, Iалашбарехь дина а, деш а кIезиг гIуллакхаш дац Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIора шарахь билгалдоккху Нохчийн меттан де.

Нохчийн меттан хьехархошна а, дешархошна а юкъахь конкурсаш дIахьош ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а, иштта, Культурин а министерствош а, Яздархойн союз а, Iилманийн академи а, Дешар кхиоран институт а.

ЦхьамогIа пачхьалкхан учрежденеш ю нохчийн мотт кхиорехь а, Iалашбарехь а, тIекхуьучу чкъурана иза марзбарехь а къахьоьгуш.

ТIаьхьарчу шерашкахь нохчийн маттахь йолу дешаран а, исбаьхьаллин а литература зорбане ялар алсамдаьлла. Юха зорбатоьхна нохчийн классикийн книгаш.

Политика, пачхьалкхехь болу дIахIоттам хийцабаларе хьаьжжина хийцина школашкара Iаматаш. Уьш карлайохуш, Дешаран федеральни стандартийн барамца дIанисъеш къахьоьгу Дешар кхиоран институтан Iилманан белхахоша.

Институтан директора Умхаев Хьамзата куьйгалла деш йолу Iилманан белхахойн коллектив дика ларош ю шайна Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала тIедохкучу декхаршца.

ХIокху деношкахь хаза кхаъ хилла нохчийн мотт безачийн юкъараллина. Нохчийн Республикин Правительствон омранца «Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтана «Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт» аьлла, цIе тиллина. Омранна тIе куьг яздина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима.

Лакхахь ма-аллара, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан белхан коьрта Iалашо ю нохчийн мотт кхиор а, Iалашбар а.

Карарчу хенахь цуьнан директор ву нохчийн меттан говзанча а, историк а Умхаев Хьамзат. Институтехь къахьоьгуш вайн республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а, дозанал арахьа а бевзаш болу Iилманчаш, яздархой бу. Царна юкъахь бу филологин Iилманийн докторш Овхадов Муса, Джамбеков ШаIрани, педагогикин Iилманийн кандидат Яндарбиев Хьамзат, филологин Iилманийн кандидаташ: Вагапов Iаьрби, Солтаханов ИбрахIим, Эдилов Салавди, Хажбекарова Марет, Нохчийн Республикин халкъан поэт Ахмадов Муса, яздархо Айдамирова Машар, нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет, литературин «Орга» журналан коьрта редактор Алиева Зарина, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдурзаков Шертбек, Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахой: Дудаев Султан, Тутаева Сацита, Дашаева Лайлаъ, Абдулкадырова Раиса, Хунарикова ПетIамат. Иштта, историн декъехь къахьоьгуш болу Iилманчаш: историн Iилманийн доктор, профессор Багаев Муса, философин Iилманийн доктор, профессор Акаев ВахIид, историн Iилманийн кандидат Исаева Роза, иштта кхиберш.

Баккхий сатийсамаш, Iалашонаш ю институтан цIе хийцарца йоьзна.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№49, мангалан (июль) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: