Мунай / Халкъан кхолларалла

Тамашийна стаг вара Мунай. Шен берхIитта шо долуш, гIеххьа болчу шина старо халла такхийна йохьу дечиг, шен белшаш тIе а юьллий, атта дIахьора цо. Юккъерчу дегIехь, воьттина вича санна, волу иза цхьана а хIуманна бIокъажор болуш вацара.

Цкъа хьуьнхарчу ирзе воьдуш, ша санна ницкъ болчунна тIеIоттавелла хиллера Мунай.

Хьуьна юккъехула охьадогIучу хи чохь луьйчуш, ловзуш ши чайтаI гина хиллера цунна. Шеца волу шен жимахволу ваша генна юха а вахийтина, оцу шина чайтаIна тIулгаш детта волавелира иза.

ТIулг мел кхийти чайтаIийн маьхьарий довлуш хилла. ХIокхо цхьа боккха тIулг ластийначу хенахь, чайтаIашна гуонаха хьийзачу кхуьнан шен жIаьлина кхетта, иза охьадоьжна.

«Дий-кх ас иза!», – аьлла, висинера Мунай.

Оццу хенахь, чайтаIийн мохь а хезна, едда йогIуш церан нана-ча хилла. ТIекхоччушехь, тIехьарчу шина кога тIе а хIоьттина, иза тIейолалушшехь, ша даима а юкъах йихкина лелош хилла шен гIама санна йоккха шаьлта схьа а эккхийтина, чанна, мерадукъ а лоцуш, коьртах тоьхна Мунайс. Амма хIара шолгIа тоха ларавале, чано, хIара гIодаюккъера схьа а лаьцна, бердах кхосса дIавадийна.

ХIокхунна делла аьлла хетта жIаьла, эццахь меттадеана, тIехьашхула чанан вортанах тасаделла. ТIаккха, Мунай охьа а тесна, жIаьла дIадаккха йоьлла ча. Мунай шен ког ма боллу цIехьа ведда.

Ша цIа кхаьчча, хIокхо и дийцича, цхьа а ца тешна, «гIеххьа лалош ву», бохуш.

Амма Мунайн жIаьла оцу дийнахь а, я оцу буьйсанна а цIа ца деана. ШолгIачу дийнахь хIара хьажа вахча, цунна иза дийна карийна. Цул тIаьхьа талла баханчу наха ча йийнера. Цуьнан мерадукъа тIехь шаьлта тоьхна, йирзина ялаза, чов хилла.

Дийцина Дишни-Веданарчу Гацаев Сайд-Iаьлвис, дIаяздина Чокаев Катис
Нохчийн фольклор, 8-гIа том

№49, мангалан (июль) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: