Тамехь дерг – пайдечуьнца цхьаьна

Вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос спортан-самукъадаккхаран акцеш дIаяхьаран гурашкахь республикерчу ерриге а кIошташкахь дIахьош ю культурин-спортан мероприятеш. Царех цхьаъ яра Шела шахьарахь хилларг.

Къийсадаларшкахь дакъалаца аьтто бара муьлххачун а. ХIокху тайпана спортан кепашкахь яхь къовса аьтто бара кегийрхойн: геркийн (гиревой) спорт, армрестлинг, стоьла тIера теннис, сумохула латар, шахматех а, футболах а ловзар.

Къийсадаларш чекхдевллачул тIаьхьа, спортан хIора кепехь хьалхара кхо меттиг яьккхинчарна совгIаташ дира. Хьовсархойн а, дакъалацархойн а меттигерчу артисташа концертан программица самукъадаьккхира.

Цул тIаьхьа цу тайппана гIуллакх дIадаьхьира ТIехьа-МартантIехь. Иза вовшахтоьхнера лакхахь хьахийначу министерствос ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин гIоьнца.

Къийсадаларшка хьовсучеран а, дакъалацархойн а самукъадаьккхира меттигерчу кхоллараллин коллективаша а, солисташа а.

Ламасте дирзинчу къийсадаларшкахь дIадаьхьира кегийрхоша яхь къовсар. Иштта, 1-рий, 2-гIий, 3-гIий меттигаш яьхначарна совгIаташ дира.

Л.ДАУТОВА
№49, мангалан (июль) беттан 2 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: