Россин ГИБДД-н 83 шо кхаьчна

Мангалан (июль) беттан 3-чу дийнахь Россин МВД-н ГИБДД-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь билгалдаьккхира Россин МВД-н пачхьалкхан автоинспекци кхоьллина 83 шо кхачар.

Даздарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр, инарла-лейтенант Алханов Руслан, Россин МВД-н ГИБДД-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин хьаькам Черхигов Идрис, кхиберш.

Мероприяти йолалуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен накъосташца цхьаьна доIа дира шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчеран сийнна хIоттийначу хIолламна уллехь.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана шайн корматаллин денца декъалбира пачхьалкхан автоинспекцин белхахой. Цо билгалдаьккхира автоинспекцин белхахоша, шайн корматаллин декхар ш кхочушдеш, эзарнашкахь адамаш кIелхьарадаьхна хилар.

– Тахана вай билгалдоккху мехалчу дезачу денойх цхьаъ – пачхьалкхан автоинспекци кхоьллина 83 шо кхачар. Россин МВД-н ГИБДД-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин белхахоша, хенан хIоттам а, хьелаш а мухха а делахь а, вайн некъашкахь низам а, къепе а латтайо. Оха хама а, пусар а до аш бечу белхан, – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Алханов Руслана Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон цIарах декъалбира пачхьалкхан автоинспекцин урхаллин белхахой.

Цо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун цIарахчу регионан юкъараллин фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а баркалла элира шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу, бакъонашларъяран белхахойн доьзалшна а, чевнаш хиллачарна а массо а агIор гIо-накъосталла дарна.

Шен рогIехь Черхигов Идриса билгалдаьккхира пачхьалкхан автоинспекцин белхахоша шайна хьалхахIиттийна чолхе а, жоьпалле а декхарш кхочушдаро республикин некъашкахь кхерамазалла латтош хилар.

Иштта, кхузахь совгIаташ дира шайн белхан декхарш кхочушдеш билгалбевллачу урхаллин белхахошна: «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидалца совгIат дира Россин МВД-н ГИБДД-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин хьаькамна Черхигов Идрисана, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира полицин полковникна, Россин МВД-н ГИБДД-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин хьаькаман заместительна Танталашев Адамна.

Цул сов, Нохчийн Республикин Куьйга лхочун тIедилларца пачхьалкхан автоинспекцина елла ДПС-н патрулан а, леррина йолу а машенаш.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан ахчанан чоьтах эцна ю уьш.

Чаккхенехь Кадыров Рамзан хьаьжира кхузахь юкъаялийначу талхораш билгалдахаран керлачу технологешка а, урхаллехь динчу керлачу маьждиге а.

I.МУРТАЗОВ
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: