Нохчийн пачхьалкхан университетехь тоьллачу выпускникашна лерина даздарш дIадаьхьира мангалан (июль) беттан 3-чу дийнахь.

Дешарца дика ларийначарна леррина ЦIен дипломаш дIадала веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Университетан уьйтIахь дIадаьхьира даздарш. ХIора факультетан выпускникаш бакалавран обанаш юьхина, хаза кечбелла бара. Церан дахарехь маьIне, сатийсаме де дара иза. Ткъа республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан санна волу лараме хьаша шайн даздаршка кхачар а, цо шен куьйга дипломаш схьадалар а, цкъа а дагара бер боцуш, боккха хилам бара церан дахарехь.
Цигахь, иштта, дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Таймасханов ГIалас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Байсултанов Идрис, Нохчийн Республикин Iилманан а, дешаран а министр Байханов ИсмаьIал, Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим, Нохчийн пачхьалкхан университетан ректор Саидов Заурбек, иштта, Правительствон а, Iилманан интеллигенцин а векалш.
Кадыров Рамзана университетан выпускникаш дешна бовларца декъалбеш, дахарехь шаьш хьалхахIиттош йолчу Iалашонашка уьш кхочийла шена лууш хилар хаийтира.
«Дукха хан яц, тахана хаза схьагуш йолу, хIара университет вуно ирчачу хьолехь хилла. ГIишло йохийна яра, хьелаш дацара, университетана тIедогIу некъаш а шун хьехархошна дика дагадогIу. Тахана деша луучарна хьелаш ду. Дешарехь къахьегначаьрца боьзна баккхий сатийсамаш бу вайн. Шух йоьзна хир ю Нохчийчоьнан кхане. Лаккхара хаарш долу говзанчаш беза вайна вешан кхиамаш алсамбохуш, хьалхахIиттош йолчу Iалашонашка кхача», – элира Р.Кадыровс.
Иштта, цо билгалдаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан ректора Саидов Заурбека университетан бахаман-техникин гIирсашца а, говзанчашца а кхачо еш къахьегна хилар.
«Нохчийн пачхьалкхан университетан цIе, сий дикачу агIор хийцаделла. Россин Къилбехь а евзаш вуз хилла дIахIоьттина хIара. Тайптайпана говзанчаш кечбо кхузахь», – элира цо.
Университетан ректора Саидов Заурбека баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, цо университетан терго ярна. Иштта баркалла элира университетан хьехархошна.
«Тхайн выпускникаш республикин тоьллачу меттигашкахь къахьоьгуш, дахарехь ирс-аьтто хилла ган луур ду тхуна», – элира З.Саидовс.
Университетан куьйгалло дийцарехь, хIокху шарахь 2 592 выпускник ву университетан. Царах 2 370 бакалавриатан а, специалитетан а программица дешна ву, ткъа 222 магистратурин программица. Университетан дозалла ду хIокху шарахь дешарца дика ларорна ЦIен дипломаш даьхна выпускникаш. Уьш 53 вара. Царна юкъахь белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран белхахойн доьзалшкара 13 вара.
Университет ЦIечу дипломаца чекхъяккхинчарна юкъахь ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхахйолу йоI Кадырова Iайшат а. Пачхьалкхан Урхаллин факультет чекхъяьккхина цо. Даздарш концертан программица дерзийра.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо