ХIокху деношкахь ЧIаьнтарчу Хельдахь, дукха догIанаш эхар бахьанехь, токхам хилира, дIасабаха некъ боцуш бисира меттигера бахархой. Ткъа балха а, шайн гIуллакхашка а баха безаш болчу цара, дукха гена ца долуьйтуш, Итон-Кхаьллан пачхьалкхан унитарни некъан-эксплуатацин предприятин (ГУДЭП) куьйгалхочуьнга Межиева Бирланте орцадаьккхира.

Ишттачу метте сиха кхуьуш а, шайх доьзначунна жоьпалле а болу Бирлантан белхахой, дукха хье ца луш, Хельда кхечира.
Токхаман Iовраша даьхна карсолаш йоккхачу тракторца дIадуькъна, некъа тIе схьатоьхна тIулгаш, дитташ, сазлатта дIахьаькхна, дукха хан ялале, некъ маьрша баьккхира цара.
– Тхан хьовха, ерриге а кIоштан аьтто хилла, хIокху кIоштан синпхенаш-некъаш карахь долчу ГУДЭП-н куьйгалхо Межиева Бирлант хиларна, – дийцира Хельдарчу бахархоша. – Шен болх дика бевзаш а, адамашна пайдехь болчу агIор и дIахIоттон хууш а куьйгалхо ю иза. Ала деза, дикачу къонахчунна-жоьпаллин куьйгалхочунна санна, девза цунна кху лаьмнашкара некъаш, евза, Iаламан бохамна кIел дисича, цара хуьйцу амалш. Доцца аьлча, Бирлант тхан «скори помощь» ю. Дела реза хуьлда цунна а, цуьнан цIарах ГУДЭП-н берриге а белхалошна а. Ткъа уьш бу: тракторист Эльмурзаев Ахьмад, гредеристаш Асхабов Зильбухар, Межиев Гилани, погрузчик Масаев Валид, некъан белхалой Межиев Хьамзат, Ибрагимов Тимерлан, Межиев Iумар, экскаваторщик Зубайраев Муса, некъан говзанча Мухтаров Муслим, инженер Демельханов Джохар, иштта кхиберш а.
Ала деза, кху 19 шарахь оцу къонахийн-белхалойн коллективана куьйгаллехь йолу Бирлант а, Итон-Кхаьллан кIоштан бахархоша чIагI ма-дарра, къонахчун амал оьшучу балхаца дика ларош схьайогIу, шега аьлла долу муьлхха а хIума жоьпаллица кхочушдо цо.
– Тахана а тхаьш кIелхьарадевлла бохуш Iаш дац тхо, хIунда аьлча, хIинца а йочанаш дIаерзаза ю, догIанаш а ихна довлаза ду, мелла а мехаш а хила там бу, – кхидIа а дийцира бахархоша. – Уьш вайга совцалур доцу Iаламан гIуллакхаш ду. Иза хаа а хууш, Делан къинхетаме дог доху оха. Цул сов, тхан бохамах кхеташ, ницкъ кхочучу кепара гIолаца мало ца еш белхан накъостий хилар а кIезиг ца хета тхуна.
Т.САРАЛИЕВА
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо