Россин естествознанин академино, лаккхара мах хадош, билгалбаьккхина вайн махкахочо, Нохчийн пачхьалкхан университетан профессора Овхадов Мусас Iилманан хьаьрмахь бина хьанал некъ.

Россин естествознанин Академин президиуман сацамца «Iилманан школа йиллархо» сийлахь цIе елла Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо а, Нохчийн Республикин нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Iилманан белхахо а, филологин Iилманийн доктор а, профессор а волчу Овхадов Мусана.
Иштта сийлахь цӀе Овхадов Мусана елла цо Iилманан а, дешаран а хьаьрмашкахь баккхий кхиамаш бахарна. Иза 200 сов Iилманан белхийн автор ву. Цул сов, цо язйина монографеш, книгаш, дешаран Iаматаш.
Дукха хан ю Овхадов Мусас Нохчийн пачхьалкхан университетехь нохчийн меттан а, литературин а кафедрехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархой кечбеш къахьоьгу. Цо Iамийна студенташ республикин ерриге а кIошташкахь дешаран, культурин, Iилманан хьаьрмашкахь, Iилманехь совбуьйлуш, къахьоьгуш бу.
Овхадов Рукъманан Муса дуьненчу ваьлла 1949-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 30-чу дийнахь Казахстанерчу Алма-Атахь.
1957-чу шарахь Алма-Атан №13 йолчу школе деша вахана иза. Нохчийн халкъ Казахстанера цIадирзича деша вахана Нохч-ГIалгIайн АССР-н Хьалха-Мартан №1 йолчу школе.
1967-чу шарахь кхиамца иза чекхъяьккхина, цул тIаьхьа, 1972-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхйоккхий, циггахь хьехархочун балха хIутту иза. 1973–74-чуй шерашкахь эскарехь гIуллакх до цо.
1980-чу шарахь меттан Iилманан говзаллехула аспирантура чекхйоккхий, 1983-чу шарахь Гуьржийн Республикерчу Тбилиссин пачхьалкхан университетехь юкъарчу меттан Iилманан говзаллехула филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо.
1990-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь йолчу Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран регионан туьшан куьйгалхо хIоттаво Муса.
1991-чу шарера дуьйна, 2001-чу шеран асаран (июнь) бутт тIекхаччалц, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхара проректор а, дешаран декъехула проректор а хуьлу иза.
2000-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан юкъарчу меттан Iилманан кафедрин заведующи хIоттаво.
2001-чу шарахь Москварчу лингвистикин пачхьалкхан университетехь «Меттан теори» говзаллехула филологин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйо Мусас.
2002-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнахь Нохчийчоьнан Iилманийн Академин декъашхо-корреспондент хоржу иза.
Цуьнан белхан лаккхара мах хадош, Сийлаллин грамоташ елла Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела а. Цунна «Корматаллин сий» номинацехула совгIат дина республикин интеллектуальни туьшан цIарах.
2006-чу шарахь «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакххо» цIе а елла.
2007-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан декан хоржу иза. Овхадов Муса Россин Iилманийн Академин Iилманан-талламан Комплексан институтан Iилманан советан декъашхо а ву.
Юкъарчу а, нохчийн меттанийн а проблемех лаьцначу 100 сов Iилманан а, монографин белхийн а автор ву иза. Меттан теорин говзаллехула аспирантурин куьйгалхо а ву.
«Меттан теори», «Россин Федерацин халкъийн меттанаш», «Дустаран-историн, типологин дустаран меттан Iилма» говзаллашкахула филологин Iилманан 13 кандидат а кечвина цо.
Цо жигара дакъалоцу Россин а, дуьненаюкъарчу а Iилманийн конференцешкахь.
Профессор «Iилманийн школа йиллархо» сийлахь цIе яларца декъалвира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Iилманан белхахойн коллективо а, директора Умхаев Хьамзата а.
Дахаран чолхаллехь оьшуш долу хьекъал дала а, шеца нохчийн къоман кIорггера гIиллакх-оьздангалла йолуш, беркате адам а, похIме Iилманча а ву Овхадов Муса.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо