Гакаев Ваха дуьнен чу ваьлла 1922-чу шарахь Хьалха-МартантIехь НохIин а, Iайшатан а доьзалехь. Вахин ялх шо долчу хенахь (1928 ш.) ГакаевгIеран доьзал Соьлжа-ГIала схьакхелхира. Оццу шарахь Ваха 1-чу классе деша вахара.

XX-чу бIешеран 30-гIа шераш динан гIуллакххой, Iедална дуьхьал бу олий, боцу бехк а кхуллий, чубухкуш хан ю. Вахин да НохIа вевзаш волу Iеламстаг вара. Ткъа иза «доккха бахьана» хилира НохIа набахти чуволла. Махках ваьккхинчохь кхелхина НохIа.
В.Гакаев шен кхойтта шо кхаьчча «Грозненский рабочий» типографе корректоран Iамархо балха хIоьттира. Иза Къуръан деша Iемаш вара. Контрреволюцица а, саботажаца а къийсам латторан къаьсттинчу комиссис Ваха лецира. Цхьана ханна Соьлжа-ГIаларчу набахти чохь латтийра иза. Чубоьхкинарш дукха хиларна ирахь латта а готта хиллера цу чохь, цул тIаьхьа, кхайкхийна кхиэл а йоцуш, Ташкентан областана юххехь йолчу Сердаля поселкан Хлопкови совхозе дIабахийтира хIорш. Цигахь кхаа шарахь бамба гулбеш болх бинчул тIаьхьа, 1938-чу шарахь, цIа веара. Юха «Грознефтан» автобазе киранчин балха хIоьттира, оццу хенахь, шоферан говзалла караерзош, автошколехь дийшира.
1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча эскаре гIуллакх дан кхайкхира Ваха. ТIамана дуьхьалонаш чIагIъяран эскарехь гIуллакх деш вара, цкъа хьалха.
1942-гIа шо доладелча дошлойн 114-чу дивизин 3-чу полке нисвелира. Дивизехь шиъ бен йоцучу киралелоран «ГАЗ–АА» машенах (полуторкин) цхьаьннан водитель вара, Даймохк ларбархошна герз, юург тIейохьуш, чевнаш хилларш дарбадаран учреждени дIабуьгуш.
Цул тIаьхьа Висаитов Мовлади командир волчу Нохч-ГIалгIайн 255-чу дошлойн полке нисвеллера Ваха. Оцу полкехь волуш, Сталинград ларъеш, тIом бира.
1942-чу шеран хIутосург (май) баттахь цунна тIедиллира Къилбаседа Кавказан фронтан командующи С.Буденный а, компартин Нохч-ГIалгIайн областан комитетан хьалхара секретарь В.Иванов а, ИтумКхаьллан полкан комиссар М.Имадаев а Крымске схьавалаве аьлла. Новкъахь, масийттазза бомбанаш тIеетташ, халонаш лан дезнехь а, тIедиллар кхочуш а дина, полке юхавеара В.Гакаев.
Цул тIаьхьа Сталинград ларъеш, тIом беш, йохийначу 255-чу полкан буха тIехь кхоьллинчу дошлойн 7-чу корпусана юкъайогIучу талламан 61-чу дивизи юкъахь а волуш, 1943-чу шарахь, Мозырь гIала немцойх паргIатйоккхуш бинчу тIамехь дакъалецира цо.
И бахьана долуш, В.Гакаевна «ТIамехь хьуьнарш гайтарна», «Германина тIехь толам баккхарна» мидалш а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман II-чу даржан орденца а совгIаташ дира.
Нохчийн халкъ махках даккхар бахьана долуш, 1944-чу шеран хIутосург (май) баттахь, Украинехь волуш, эскарера дIаваьккхира. Ваха батальонехь цхьаъ бен нохчи ца хилла. Командира, маьрша хила лаахь, фамили а, къам а хийца аьлла. Амма вайн махкахо иза дан реза ца хилла. Цигара Буйски леспромхозан Романцовски вахийтира. Цигахь киралелочу машенахь, Iа юккъе даххалц, болх бира.
Дукха хан ялале, жимахволчу вашас кехат (вызов) даийтира Вахига Джамбулан областерчу Луговая станцера.
1946-чу шеран хIутосург (май) баттахь гергарнаш болчу тIевахара.
1957-гIа шо тIекхаччалц ненаца а, шина вешица а цхьаьна Казахстанехь Iийра. Цигахь киралелочу машен тIехь болх бира, СССР-н тайп-тайпанчу гIаланашка а оьхуш.
2016-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Россин Федерацин Президентаца цхьаьнакхеттачарна юкъахь Гахаев Ваха а вара. Оцу хенахь ветеранашна Толаман 70 шо кхачарна юбилейн мидалш елира.
Еххачу хенахь Нохчийн Республикин ветеранийн председатель лаьттина Гакаев Ваха.
Л.ИБРАГИМОВА
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо