Стеган амалх лаьцна дуьйцуш, цуьнан мах хадош, вай дукха хьолахь, билгалйоху цуьнан адамалин а, корматаллин а агIонаш. Нохчийн Республикин Парламентан Председательца Абдурахманов Дукхувахица къамеле ваьлча, стенна делахь а, цуьнан адамалло йийсар во. Иза къеггина хаало цуьнан адамашца йолчу юкъаметтигашкахь. Шен болх мел дика хууш говзанча хиларх, нагахь санна цунна нахаца юкъаметтиг лело ца хаахь, цуьнан хила хакъ боллу сий-ларам хир бац ша болх бечу меттехь а, юкъараллехь а.
Ткъа Абдурахманов Дукхувахехь адамалла а, шен балхана охIла хилар а, лаккхара корматалла а цхьаьнадогIуш а, цхьабосса дика а нисделла. Цуьнца къаьста иза кхечу куьйгалхойх. Цуьнан и дикаллаш билгалйоху цуьнца цхьаьна болх бар нисделлачара, накъосташа, вевза-везачара. Даима а хилла иза адамащца аьхна, юкъаметтиг карош, шега тешам бохуьйтуш.
Гуонаха хIуъа хиламаш хиларх, мел чолхе хьал хIоттарх, хьал мел галдаьлла я тоделла хиларх стаг адамаллех вала ца веза. ОьгIазе хила ца веза, акхаройн амале верза ца веза, куравала ца веза, корта аркъал а сеттош. Цуьнца цхьаьна наха тIедеанчу диканан-вуонан дакъа кхочуш хила веза. И дерриге а адамалла хиларх ду. Мел новкъа делахь а, тIаьхьарчу шерашкахь, цхьаболчара, соьмана тIаьхьа а бевлла, адамалла йицйина. Шайгахь адамалла кхио луучарна бIаьрла масал ду-кх Дукхуваха. Цуьнгара схьаэца еза-кх адамаллин амалш: гIиллакх, оьздангалла, эхь-бехк, къинхетам, яхь-юьхь.
Тахана гучаевлла яц цуьнгахь и амалш, вевзаш волу политик хилла дIахIоьттича. Иштта ца хуьлу. Адамалла бераллехь дуьйна кхиош ю. Дукхуваха кхиинчу доьзалехь, нохчийн дукхахболчу доьзалшкахь санна, берана гIиллакхаш, дайн Iадаташ Iамадора, къинхьегаме, даймахке безам кхиабора, къинхетаме хила Iамадора. Оцу дикаллаша стаг ларво дахарехь Iехаваларх, харц новкъа валарх. Да-нана нахалахь сий-ларам болуш, дика цIе йоккхуш хилча, царах масал а оьцуш, цаьргара дика амалш схьаоьцу церан бераша. Иштта кхиира Абдурахманов Дукхуваха а.
Шеко яц, шен дахаран цхьа мур дIаиккхича, стага ша а хоржу шен некъ, да-нана даима цунна юххехь Iийна а ма ца долу. Къоначо, гIамаро хи санна, дIахуду бераллехь шена марздинарг. ТIаккха иза кхуьу шена марздинарг амалехь чIагIлуш, тIамарх дулуш. Нохчашна чIогIа дукхабеза шайн даймохк. Нохчийн халкъана тIеэгначу дуккха а зераша а, хан-замано а чIагIдина иза иштта хилар. Тахана кхузткъа шарна герга гIоьртинарш, цул лакхара хан ерш хийрачу мехкашкахь, казахийн а, гIиргIизойн а гIум-аренашкахь дуьнен чу бевлла бу.
Сталина махках даьхначу хьалхарчу шерашкахь мацалла, шелонна, махкала дина, ах гергга къам хIаллакьхуьлуш, боккха бала, Iазап хьийгира нохчаша. Иштта, Казахстанерчу Караганда гIалахь дуьнен чу ваьлла Нохчийчоьнан Парламентан председатель хинверг. Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин деленацина коьртехь волуш оцу махкахь хилира иза. хьакволу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дехарца цхьаьнакхийтира Казахстанан куьйгаллица, цигахь Iаш болчу нохчашца. Цигахь дипломатийн болх дIабаьхьира. Цундела данне а ларамаза дацара Iедалан векалшна а, меттигерчу нохчашна а Дукхувахин къамел, амал тайна хилар.
Нохчийчоьнан лаьмнаш Къилбаседа Кавказехь а уггаре а исбаьхьа меттигаш ю. Юькъачу хьаннашна юкъахь Iохкущ ю лаьмнашкара ярташ. ПохIмечу суьрташдахкархочо диллина башха сурт хетало уьш. Соьналло къайладаьхначу урамашца лаьтта цIенош дагна хьаам беш ду. Кхузара Iалам, Дала ма-кхоллара, цIена, аьхна ду. Шеко йоццуш, хала ду кхузахь шен мохк бен-башха цахеташ верг, гIиллакхаш, Iадаташ ца дезаш, ца лоруш верг карон. Дайша шайн кIенташка кховдош таханлерчу дийне схьадеана уьш. Iалам а санна, юьххьехь ма-хиллара, цIена ларделла и гIиллакхаш а, Iадаташ а.
Оцу исбаьхьачу меттигех ю, вовшашна ул-уллехь Iохкуш йолу ЖугIурта, РегIатIе, Ачарешка, НикIи-ХитIа (Курчалойн район) ярташ. Кхузахь ду Абдурахманов Дукхувахин орамаш. Дуьнен чу валар хийрачу махкахь хиллехь а, шен дайн махкахь – кхузахь кхиъна ву иза. Нохчийн чолхечу кхолламо къоналлехь цуьнгахь лаам кхоьллира шен халкъан дIадаханарг довза, Iамо. Цо шена хьалха хаттарш хIиттадора: «Сан халкъана кест-кеста цхьацца бохамаш хIунда хуьлу? Иза Iазапе хIунда лоцу? ХIокху доккхачу дуьненахь цунна хьакъ йолу меттиг мичахь ю? Оцу ойланаша, хаттарша валийра иза Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан универститетан историн факультете деша. Цигахь алссам хаарш гулдира цо, таро хилира хуьлуш долчун мах хадо.
Джалкхерчу школехь болх бечу хенахь, дуккха а исбаьхьаллин а, документальни а литература ешаро бакъволу историк вира цунах, политикин декъехь къахьегарна гечо а даьккхира. ХIокху юьртахь кхиъна вара иза. Дохийначуьра цIадаьхкича кхузахь сецира цуьнан да-нана. Бераллехь дуьйна цо шен тIамарх долийтира яхь, сий, нохчалла бохург. Шена Iамадора къонаха шен цIахь, нахана юкъахь, хIусамехь, доьзалца, деца-ненаца муха хила веза, Даймохк муха безаш хила веза… дуккха а кхидерг.
Цунна цу тIехь бIаьрла масал дара да – Бешто. Ткъа масал, хууш ма-хиллара, хьехамал а тоьлаш ду. Бешто бусалба дин чIогIа лелош, суьпа стаг вара. Районехь маьждиг доцчу хенахь, хIора пIераскан дийнахь рузбане Хасав-Юьрта воьдура иза. Шен дерриге а пенси маьждиге дIалора цо, гIийла-мискачунна, гIаддайначарна дIало, олий. Шен доьзал когахIоттийра гIоьналлин бахам лелош. Адам яра цуьнан цIе. Делахь а, цо Бешто цIе тиллира шена. Иза хIокху юьртахь ваьхна а, Сесанарчу Ташу-Хьаьжин накъост а хилла вара. Цуьнан ларам беш схьаэцна яра цо и цIе.
Ден и дика амалш, цуьнга болчу ларамо харжийтира Дукхувахе хьанала некъ. Хинволчу политикин гIуллакххочунна некъ хьоьху къилба хилла дIахIоьттира нийсо, хьанал дерг бен ца лелор, хьарамчух ларвалар, оьздангалла, гIиллакх, эхь-бехк, бакъонна тIегIертар. Делахь а кхечарех иза къастош хIума хаалора цуьнгахь школехь доьшуш волчу хенахь дуьйна а. Цкъа цхьа тамашийна хIума нисделира иза бархIолгIачу классехь доьшуш волуш. ХIетахь комсорг вара кIант. Цкъа комсомольски а, партийни а организацешна тIедиллира шайн дайн хилла латтанаш схьадоьхуш гIалгIаша йина митинг сийсазъеш кехаташ яздар. Абдурахмановс ца яздира иштта кехат. Шаьш хIинца а дукха кегий ду и санна долчун мах хадо аьлла дIахьедина хиллера цо. Иза шена хетарг, шен ойла дIайозийтар дара, хьолах нийса кхетар дара.
Цул тIаьхьа дикка шераш дIадевлча цунна жоьпаш карадо жималлехь ша-шена хьалха хIиттийначу хаттаршна. Иза кхийтира шайна хьалхавала бакъволу тхьамда цахилар бахьанехь, нохчаша бала хьегна хиларх. Халкъан хьашташ а, лаамаш а бевзаш, цунах дог лозуш тхьамда хуьлуш ца хилла нохчийн. Тхьамданашна халкъ цхьаьнатоха хууш ца хилла. Къам вовшахтоха ницкъ болуш Iалашо ца хилла церан. Иштта маьIна дира Д.Абдурахмановс.
ХIуманна духе кхуьуш, халкъана шегара пайда хиларе сатуьйсуш волу иза 1989-чу шарахь Гуьмсе гIалин исполкоман председатель хоржу. Кегаречу заманца нисделира иза оцу дарже харжар. Махкахь митингаш яра дIахьош. Юхуш яра иттаннаш шерашкахь чIагIъелла къепе. Хьере хилла адамаш совцо ницкъ кхочуш верг майра, ша-шех тешна куьйгалхо бен вацара. Царах вара Дукхкваха а. Цунна хир дара иза 1992-чу шарахь Гуьмсе гIалин мэр харжар а.
Оцу муьрехь республикехь карзахе хьал дара. Юкъаралла масех декъе екъаеллера. Цхьа агIо харжа езаш хьал дара. ХIетахь, Соьлжа-ГIаларчу театран майданахь лаьтташ йолчу оппозицин митингехь дIакхайкхийра: «Дудаевн рожа кIел яхарна дуьхьал ю Гуьмсе!» Иза Абдурахманов Дукхувахин сацам бара. Иза халкъ бохамах лардан лууш вара, халкъ тIамах лардан гIерташ вара. Ткъа Дудаев халкъ оцу тIама кIел кхосса лууш вара. Цо яьккхинчу оцу майрачу гIулчо дог-ойла гIаттийра кхуьнан агIо лоцуш болчеран. Амма Дукхкувахина кIелонаш ян йолийра. Масийттазза вен а гIоьртира.
Цуьнан а, и санна болчеран а ницкъ ца кхечира тIеман чкъург ца карчийта. ТIом дIаболабелира. Цо цхьа а ца кхоавора. Бомбанашна, снарядашна кIел нислора бехк-гуьнахь доцу адамаш. Къаьсттина ницкъ бора «зачисткаша». Уьш ечу хенахь Iазап латтадора маьршачу нахана тIехь. Царна тIехь къизалла ца лелояйта аравелира Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо майрра шена тIелецира халкъан кхолламах долу жоьпалла. Цунна юххе а хIиттина, цуьнан тешаме бIанакъостий хиллачарах цхьаъ вара Дукхуваха а. Оцу чолхечу, кхерамечу муьрехь Ахьмад-Хьаьжас иза юьртан бахаман министр хIоттор а доккха маьIна долуш хIума дара. Маьршачу дахаран коьрта билгало ю ахархо латта дуьйш-лелон, ялта кхион аравалар. И мехала гIуллакх Д.Абдурахмановга дIадолалур дуй а, когахIотталур дуй а хаьара республикин Куьйгалхочунна. Хаьара адам, цо аьлларг дина, цунна тIаьхьа хIуттур дуй. Цуьнан и дан ницкъ а кхечира. Цунна тоьшалла лара мегар ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжас иза цул тIаьхьа Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитель хIоттийна хилар.
Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин бакъволу доттагIа, бIанакъост хилира Дукхуваха. Ямартчу мостагIаша тешнабехк бина, нохчийн халкъан баьчча вайна юкъара дIавахча, цуьнан кIантана Кадыров Рамзанна вокхах волу ваша, тешаме накъост, ондда гIортор хилла дIахIоьттира иза. Оцу шина стагехь карийра цунна: «Шен оьмарехь хаддаза бала хьоьгуш хIунда ду нохчийн халкъ?», – бохучу хаттарна жоп. Оцу халкъан бакъволу баьчча, тхьамда ца хиларна хьегна хьалкъо бала. И шиъ валлалц вайн ца хилла халкъан дуьхьа шайн са дIадала кийча болу баьччанаш, ца хилла халкъан кхолламах долу жоьпалла тIелаца бIобулуш тхьамданаш. Ткъа КадыровгIара и дира. Ахьмад-Хьаьжас шен са ца кхоийра нохчийн халкъ маьршадаккхаран новкъахь. И шиъ бахьанехь Россина юкъахь маьрша пачхьалкх хилла дIахIоьттира Нохчийчоь. Хала а, чолхе а некъ бара иза. Референдум дIаяьхьира, республикин Конституци тIеийцира, харжамаш дIабаьхьира, контртеррористически операци дIаяхьаран раж дIаяьккхира. Оцу берриге а хиламашкахь жигара дакъалоцуш вара Абдурахманов Дукхуваха. Парламентан харжамашкахь депутат хаьржира иза. Ткъа депутаташа – Парламентан Председатель.
Бештон Дукхувахас дакъа а лоцуш республикехь вовшахтуьйхира Нохчийн Республикин халкъийн Ассамблей, кеч а йира, дIа а яьхьира нохчийн халкъан Конгресс, Россин халкъийн Конгресс. Иза жигара дакъалоцуш ву Къилбаседа Кавказан Парламентски Ассоциацин балхахь. Цуьнан шина сессехь предсетелалла а лелийра цо. Цуьнца цхьаьна иза дакъалоцуш ву Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советехь йолчу къоман политикин, пачхьалкхан а, динан цхьаьнакхетаралийн а юкъаметтигийн цхьаьнатоьхначу комиссин балхахь. Оцу массанхьа а дика ларош ву иза.
Хаддаза болх беш волчу цуьнгахь хьалхалерра адамалла, къинхетам, доглазар, аьхналла хаало массанхьа а, къаьсттина бахархошца, къинхьегаман коллективашца, харжамхошца, кхечаьрца хуьлучу цхьанакхетаршкахь. Массаьрца а ийна ву иза. Хала дац цунна тIекхача, цуьнца цхьаьана парламентехь болх беш болчарна-м муххале а. Церан массеран догъэца, хьехар дан дош карадо цунна.
Боккха сий-ларам бо Дукхувахин Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Довха дешнаш олу хIоразза цуьнан хьокъехь. Мехала ма-ду кхочушдаран а, законаш дахаран а Iедалан органашна юкъахь иштта дика юкъаметтиг хилар, вовшашка сий-ларам хилар. Нохчийчоьнан Парламентан спикеран хьокъехь Нохчийн Республикин Iеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Хожа-Ахьмада элира: «Ас дуккхазза а ладегIна тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь, телевиденехь, радиохь, кхечанхьа Нохчийчохь а, цул арахьа а Дукхувахас дечу къамелашка. Цуьнан къамел кIорггера чулацам болуш хилла ца Iаш, къам кхуьуш хилар гойтуш хуьулу. Цо говза гойту къам, Нохчийчоь кхиорехь цуьнан Куьйгалхочо лелош долу маьIна. Шеко йоццуш, оцу хиламашкахь Iаламат доккха ду политикин куьйгалхочо, цуьнан шен амало лелош долу маьIна. Суна хетарехь, Абдурахманов Дукхуваха вайн халкъана чIогIа оьшуш стаг ву. Тахана хала ду цунна санна вайн республикера хьал девзаш волу, цуьнан хилларг-дIадаханарг хууш волу, Нохчийчоьнний Россиний юкъахь хила йогIучу юкъаметтигех и санна кхеташ волу стаг каро».
Масийтта шо хьалха ша юьхьарлаьцначу некъа тIера дIаса ца таьIаш, мел чолхе, кхераме хьал хIоттарх шен къилбанах ца туьлуш, амалх ца вухуш схьавогIуш ву Д.Абдурахманов. «Тхо маьрша нах ду», – олу цо кест-кеста. Иза бакъ а ду. Маьрша стаг цкъа а кхечуьнан маршо хьаша гIертар вац. Нохчий шайн эзарнаш шерийн оьмарехь цкъа а нехан мохк схьабаккха, маршо хьаша ца гIиртина. Цара шайн мохк а ца белла цхьанна а дIа. Тахана нохчийн халкъана нийса некъ карийна. Оцу некъаца дIадодахь халкъ кхуьур ду, махко зазадоккхур ду. Нохчийн халкъ кийча ду Россин къилбехь мехкан чIагIо хилла латта. Иза чIагIдо Дукхувахас а.
АВДЕЕВ Роман