Нохчийн Республикин туризман министерствос «Хайра» организацица цхьаьна вовшах а туьйхира, дIа а даьхьира буоберашна гIо даран гIуллакх.
И мехала гIуллакх бахьанехь, 40 гергга буоберан аьтто белира «Соьлжа-ГIалин дельфинари» садаIаран, могашалла меттахIотторан комплексехь йолчу дельнифашка хьовса а, берийн самукъадаккхаран майданашкахь ловза а, «Дино Юьртахь» йолчу, вайн эрал хьалха, хIокху дуьнен чохь хиллачу динозаврийн куьцашца, роботаш яран технологица йинчу динозаврашка хьовса а.
Буоберийн догъэцаран гIуллакх вовшахтоьхначара Соьлжа-ГIалин тоьллачу цхьана ресторана чохь мерзачу кхачанан шун хIоттийнера берашна. Юуш-молуш, юкъа-кара забарш еш, ирсе дара бераш. Туьйранахь дуьйцуш бен хезна доцу, хаза де шайга кхачарна самукъадаьллера церан.
Соьлжа-ГIалахь долчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь жамаIатехь ламазаш а дира цара.
– Халабохкучу доьзалийн а, буоберийн а хьашташ кхочушдарехь «Хайра» организацица тайп-тайпана мероприятеш дIахьо оха. Дика ламаст хилла схьадогIуш ду республикин туристийн маршрутана юкъайогIучу меттигашка дуьгуш, берашна мехкан хазалла йовзуьйтуш гIуллакхдар. Цул сов, тхан мероприятешкахь дакъалаца кхойкху оха уьш, – элира Нохчийн Республикин туризман министра Байтазиев Муслима.
Буоберийн догхьастар Далла гергахь деза ду. Цу хьокъехь вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Цхьана куьйган хIара ши пIелг санна, ялсаманехь суна юххехь хир ву буоберийн догхьаьстинарг а, церан хьашташ кхочушдинарг а» (Бухари).
ВЕГИЕВА Макка
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо