СадаIаран а, самукъадаккхаран а майда

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос школашкахь а, кхитIе долчу дешаран учрежденешкахь а аьхкенан садаIаран а, самукъадаккхаран а майданаш схьайоьллу.

Царах доккха гIо-накъосталла хуьлу сациальни ледара хьелаш долчу дай-наношна.

Ленински кIоштарчу Берийн кхоллараллин цIийнехь а схьайиллина аьхкенан «Бераллин стелаIад» майда.

7–16 шераш кхаччалц хенаш йолчу дешархойн аьтто бу оцу майданахь 4 сохьтехь, шайн лааме хьаьжжина, хан яккха. Берашца белхаш беш психологаш а, социальни хьехархой а, кхитIе а долчу дешаран хьехархой а бу.

Берашка аьхкенан хан пайдехь якххийтарна а, хьехархошка болх жигара байтарна а тIехь сема терго латтайо Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан директора Исапаева Мадинас.

– Аьхкенан майданаша боккха пайда бо дешархошна. Кхузахь дуккха а керланиг, пайдехь дерг девза царна. КIоштарчу школашкара дукха бераш хуьлу майданахь. ХIоранан а шен-шен амал, кхиар хуьлу. Цундела оха гIиллакх-оьздангалла Iаморна тIера дIаболабо тхайн болх. Ийманехь кхетош-кхиорна лерина сахьт а дIахьо цаьрца. ХIоранна а юкъараллехь лардан деза низам довзуьйту, цул тIаьхьа вовшашца доттагIалла тосуьйту берашка. Уггаре а коьртаниг ларам бу. Иза девзинчул тIаьхьа, оцу берашца кхидIа болх бан атта хуьлу, – дийцира М.Исапаевас.

Тематикин ловзарш а, кхоллараллин конкурсаш а, спортан къийсадаларш а дIахьо майданахь. Иштта, юххехь воккханиг а воцуш, кхераме хьал нисделча хIун дан деза хьоьхуш кружокаш а дIахьо. Цул сов, некъан боламан бакъенаш а йовзуьйтуш, Соьлжа-ГIалахула экскурси а йо.

Берийн кхоллараллин цIийнан директор тешна ю, аьхкенан майданахь яьккхинчу хено берийн дахарехь сирла лар юьтург хиларх.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№50, мангалан (июль) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: